ТIекхочийла долу линкаш

Москохарчу Тверскойн кхело ахмиллион гIуда хьарчийна бизнесхочух Джабраилов Iумарх. Интерфакс агенталло бина и хаам. Иштта кхело тIедожийна экс-сенаторна, цунна совгIатна елла, цо кхийсина Ярыгинан тапча чоьхьарчу гIуллакхийн министралле ларъян дIаялар а.

Маршо Радионо дийцира, байначу баттахь наркотикаш лелорна 4 эзар сом гIуда тоьхнера Джабралиловна

Кху аьхка Four Seasons отелехь герзаш диттина аьлла Москохарчу полицино лецира Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан векал лаьттина, «Аванти» ассоциаци кхоьллина Джабраилов Iумар. Бехктакхаман гIуллакх долийнера совдегарна дуьхьал.

Нохчийн бизнесмено отелехь герз кхуьйсучу хенахь ша нерваш карзахъевлла вара, цундела дохковаьлла ша, и тайпаниг шегара далийтарна аьллера.

Джабраилов декъахь волчу «Цхьаалин Оьрсийчоь» партин пресс-гIоьначаллаша дийцарехь, инцидент хиллачул тIаьхьа бизнесмен кхи дIа тобанехь хир вац. Бизнесменан адвокаташа чIагIдо, герз цуьнан карахь ларамза даьлла хилар.

"Нерваш жимма меттахъевллера сан, со къера ву сайгара даьллачунна. Отелан белхахошкара цатам хиллера суна, амма ас цхьанна а дина зен дац", - аьлла, вистхиллера «Вести» агенталле Джабраилов Iумар.

XS
SM
MD
LG