Францера Альзас олучу регионера Шильтигхайм цIе йолчу гIалахь хIокху деношкахь хиллачу охьатохаран латаршкахь дакъалаьцна оцу регионера дуккха а вайнехан бераша. Уьш дара Страсбург, Шатонуа, Селест, Гриес, Шильтигхайм гIаланашкара.
Страсбургера охьаторан латаран федерацин тренеро Муса Авайсовс Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, дуккха а лакхара меттигаш яьхна цара тайп-тайпанчу категорешкахь.
ТIейогIучу хенахь жамIаш довзуьйтур ду.