ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медет Онлу вийначийн декъахо лаьцна Туркойчохь


Вевзаш волу нохчийн юкъараллан жигархо Онлу Медет вуьйш дакалаьцна волу меттигера вахархо лаьцна туркойн Iедалхоша. 27 шо долу Пелтек Iумар ву иза, Туркойчоьнан Iедалхоша масех шарахь лохуш хилла волу.

Маршо Радион Туркойчуьрчу хьостанаша дийцарехь, Пелтек ларамаза каракхаьчна полицина. Масех де хьалха Аланья гIалахь Махмутлар кIоштарчу петаршкахь талламаш дIахьош болчу Iедалан белхахошка кхечу стеган цIарах даьккхина документ гайтина хилла Пелтекс. Цу кехатах шекбевллачу Iедалхоша цуьнан пIелгийн лараш схьаэцча гучудаьлла, сацийнарг Медет вуьйш декъахиларна лехамашкахь волу Пелтек Iумар хилар. Иза лаца а лаьцна, Аланьерчу набахте воьллина полисхоша.

Туркойчохь вина а, кхиъна а волу нохчийн юкъаралхо, Ичкери республикан Туркойчуьра векал Онлу Медет 2013-чу шарахь вийра шен Хонкарарчу офисехь. Иза верна лохуш ву хьалха наркотикаш йохкарна а, кхин долу талорш лелорна набахтехь хан текхна волу, Iедалхоша киллер лоруш волу Алуч Мурат.

Пелтек Iумар киллерна гIо деш хилла. Онлу Медет вуьйчу дийнахь чаьлтача машенахь дIакхетийнарг а иза хилар а къастийна талламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG