ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилина адвокаташна улле охьахаа бакъо елла суьдхочо


Украина -- Киевехь кхеле валийна Гуьржийчоьнан президент хилла Саакашвили Михаил, ГIур. 11, 2017
Украина -- Киевехь кхеле валийна Гуьржийчоьнан президент хилла Саакашвили Михаил, ГIур. 11, 2017

Саакашвили Михаилана бакъо елла суьдхочо, куьзган цIелиган чуьра ара а ваьлла, кхел йоьдучу чохь болчу адвокаташна улле охьахаа. Цу хьокъехь дехар динера Гуьржийчоьнан хиллачу президентан адвокато Чернолуцкий Руслана.

"Саакашвили дуьненна а вевзаш стаг ву. ЦIелиг чохь латторо цуьнан сий дойъу, новкъарло йо цунна буьззинчу барамехь шен бакъонаш ларъян, адвокаташца болх бан", - элира Чернолуцскийс.

Прокуратуран векалш дуьхьал бацара, ткъа суьдхочо Цокол Ларисас бакъо елира Саакашвилина кхел йоьдучу чохь адвокаташна уле охьахаа.

Цу чохь, процессан декъашхой а, журналисташ а боцурш ю «Батькивщина» партин лидер Тимошенко Юлия а, Саакашвилин хIусамнана Рулофс Сандра а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG