ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубайхь схьайиллина Telegram-ан керла офис


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Telegram-ан керла офис схьайиллина Дубайхь. Цунах лаьцна цу мессенджеран долахочо Дуров Павела дIахьедар дина Bloomberg агенталлана ша еллачу интервьюхь. ТIаьххьалц цу компанин офис яра Петарбухерчу Зингеран цIа олучу гIишлонехь.

Дуровс дийцарехь, цуьнан компанино Цхьаьнатоьхна Iаьрбийн Эмираташ хаьржина цигара ял яккхаран хьелаш бахьана долуш. Цо дийцарехь, цу махкарчу низамаша цхьа а халонаш ца кхуллу цунна.

Дуровс чIагIдарехь, Telegram-ан мах бу карарчу хенахь 3-5 миллиард доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG