ТIекхочийла долу линкаш

Кхаариндийнахь Венехь рогIера кхеташо хилла бархI нохчочух лаьттачу тобанна кхел ярехь. 27 шарера 40 шаре кхаччалца хенаш йолчу цу тобан декъашхошна бехке дуьллуш ду наркотикаш йохкар а, лелор а, нахера кхерамаш тийсарца тIехь йоцу ясакхаш яхар а.

Ши кIира хьалха йола а елла, ГIура-беттан 13-че дIатеттина хиллачу кхелехь дош делира шаьш бехкебечарга.

Царах цхьаммо шен боллу бехк а ша австрихойн къайлахчу сервисашна болх бан реза ца хилар бу, элира. Цундела Iедалхоша шена дуьхьал дина зулам ду ша лацар, аьлла. Цул сов, шена ша «кадыровхо» ву аьлла харц цIе тиллина, амма иза бакь дац, элира цо.

Вукху бехкебечара а прокуроран а, кхелахочуьн а хаттаршна жоьпаш луш тIе ца дитира, шаьш талорш лелош хилла бохург.

Еарин дийнахь юха а кхеташо хир ю кхелехь.

XS
SM
MD
LG