ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчуьра хьал дийцина Кадыровс


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а (аьттоагIор).
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а (аьттоагIор).

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана хаам бина, ша Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Путин Владимирца цхьаьнакхетта хиларх лаьцна. «Суна боккха хилам бара Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхетар. Ас хаам бира Нохчийн Республикерчу юкъараллан-политикан а, экономикан а хьолах лаьцна», - яздина Кадыровс Instagram-хь.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар динера: «Тхо Путинан гIашсалти ду, кийча ду тхо цо омра динчче гIаш даха», аьлла.

Цу кепара комментари йинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо пресс-конференцехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, «нохчий бен бац Шемахь гIаш лелалур болуш», аьлла йинчу забарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG