ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан эскаршца леташ шайн хиллачу аьттонех дуьйцу нохчийн командиро


Шемарчу Хама провинцехь тIемаш жигарбевлла оппозицин а, пачхьалкхан эскарийн а. Нохчийн тIеман буьйранчас Шишани Джунуд аш-Шам Муслима WhatsApp-ехула яржийначу аудиоца бина и хаам, яздо "Кавказ.Реалиис".

Шайн тобано Хаман кIоштахь Асадан эскаршна дуьхьал болийначу тIамах дуьйцу Шишанис.

Цо чIагIдарехь, ши юрт схьаяккха аьтто баьлла церан. Иттанашкахь ю юхабовлучу пачхьалкхан эскархоша йитина тIеман кеп-кепара техника.

Информаци бакъхиларан совнах тоьшаллаш цкъачунна доцуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG