ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказан узел" агенталлан журналистна тIелатар дина


"Кавказан узел" агенталлан журналистна Прудников Вячеславна герз тоьхна Ростовн кIоштахь динчу тIелатарехь. "Кавказан узел" агенталлехь ша болхбеш хиларца доьзна Прудниковс шена дина тIелатар.

Журналисто бахарехь, герзаца болчу наха цунна тIелатар дина пIераскан дийнахь Красный Сулин гIаларчу кешнаш долчу меттигехь. Журналистикаца доцчу гIуллакхца вара ша цу меттехь аьлла цо.

"Масех сурт даккха дагахь фотоаппарат схьаэцнера ас. Оцу минотанна тIекхаьчначу машенчуьра охьавоьсинчу стага хеттарш дира соьга, хьо хIун деш ву, бохуш. Дов иккхира тхошиннан. Суна тоха гIорьртира иза цкъа, юха тапча хьала а яьккхина, "бале ваьлла хьо Iедалх лаьцна йозанаш деш" бохуш, тапча кхийса волавелира.

Юьхь хьулйира ас, цхьа молха куьган голанах кхийтира, юха со вада гIоьртича, пIендех кхийтира шолгIа хьажийнарг", аьлла дийцина Прудниковс.

"Кавказан узел" агенталлехь зорбане йохучу шен материалашкахь Прудниковс яздо Гуковохь кIорабоккхучийн бакъонаш хьешарх. Ростов кIоштахь Iедало шахтерийн ахчанаш сецорах, цара латточу къийсамех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG