ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхах" хаамаш тIехь болу ши сайт дIакъовлар дехна Нохчийчуьрчу прокуратуро


Шема -- "Исламан пачхьалкх" тобанан симболш тIехь йолу билборд. Гезг. 24, 2017
Шема -- "Исламан пачхьалкх" тобанан симболш тIехь йолу билборд. Гезг. 24, 2017

Нохчийчуьрчу прокуратуран белхахошна ши сайт карийна, "Исламан пачхьалкхо" (ДАIИШ) яржош йолу материалаш тIехь а йолуш. Уьш дIакъовлар доьхуш суьде кехаташ хьажийна цара, хаам бо "Кавказский узело".

Юьйцурш билггала хIун сайташ ю дуьйцуш дац. Церан хьокъехь суд хир ю гергарчу хенахь.

Маршо Радионо хьалха хаам бина ма хиллара, стохка Мангал-баттахь Оьрсийчохь, зуламе лоруш ю аьлла, йихкинчу "Исламан пачхьалкх" тобанах лаьцна артиклаш тIехь йолу кхо сайт дIакъовлийтира Нохчийчуьрчу прокуратуро.

XS
SM
MD
LG