ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скрипальна дIовш далар толлур ду Скотланд-Ярдо


Британин полицин контртерроран тобано толлур ду Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоьIана Юлияна а дIовш далар. Скотланд-Ярдо дIахьедар дина, цу тобано шена тIелоцу таллам, и гIуллакх тамашийна хьелаш долуш нисделла хиларна аьлла.

Дуьххьара дуьйна Скрипалан гIуллакх толлуш яра Уилтширера полици. Хьалхо Британин арахьарчу гIулакхийн министро Джонсон Бориса дIахьедар динера, мухха лаьцна а цу гIуллакха юкъахь дакъалаьцна йолу пачхьалкх "таIзар ца деш юьтур яц" шаьш аьлла.

66 шо долу Скрипаль а, цуьнан 33 шо кхаьчна йоI Юлия а клиникехь Iуьллуш ду Солсбери гIалахь.

Би-би-си-но даладо Скрипалан гергарчара, цуьнан цхьаболу доьзалхойн тамашийна балар хилла аьлла дешнаш. Цара дийцарехь, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша шена муьлххачу а хенахь бекхам бан мега, бохуш хилла Скрипаль.

Оьрсийчохь пачхьалкхана ямартло йина аьлла 2006-чу шарахь, 13 шо а тоьхна, чувоьллина хиллачу Коьрта Талламан Урхаллан (ГРУ) хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна девзаш доцу дIовш малийна хила мега, аьлла яздинера ББС-но.

Скрипаль дIадаханчу кIирандийнахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина цуьнан йоI а.

ББС-ин кхерамазаллан хаттаршкахула волчу корреспонденто дусту хилларг Литвиненко Александр верца. ФСБ-н белхахо хилла волу Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна.

Скрипаль а, ткъа иштта Iилманча Сутягин Игорь а, кхин а оццу бахьанца чувоьллина ши стаг, Запорожский Александр а, Василенко Геннадий а, хийцира Iамеркехь гучубевллачу Оьрсийчоьнан шпионех 2010-чу шарахь. Царна юкъахь вара Арахьарчу Талламан сервисан (СВР) инарла-майор Васенков Михаил а, Чапман Анна а.

XS
SM
MD
LG