ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мунаев Iийсан сурт тIехь долчу кучаца хиллачу эскархочунна тIелатар дина Киевехь


Донбассехь дIахьош йолчу антитерроран операцин декъашхочунна Иващенко Дмитрийна тIелатар дина Киевехь. Цунна хетарехь, бахьана ду, Украинин турпалхочуьнан Мунаев Iийсан сурт тIехь долу коч йоьхна иза хилар.

Иващенкона тIелатар дина Киеван Подолан кIоштахь Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь, сарахь 7 сахьт даьлча.

Эскархочо дийцарехь, карах арсаш а, жIов а йолуш цунна тIелеттачу нахана юкъахь ши зуда а хилла. Царах цхьаъ хилла хуьлург видео тIедоккхуш. Иващенко карарчу хенахь госпиталехь ву. Лоьраша дийцарехь цигахь цо доккхур ду лаххара а цхьа кIира.

Хьалхо интернетехь хаамаш баьржнера Киеван оццу Подолехь АТО-н ветеран волчу Вербич Дмитрийна бевзаш боцучу нахан тIелатар дина аьлла.

ТIаьхьо полицино хаам бира Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь АТО-н декъашхочунна т1елетта 5 стаг аьлла - кхо жима стаг а, ши жима зуда а.

Полицин Facebook-ан агIонехь ю хIара видео.

XS
SM
MD
LG