Дагестан:Дагестан: уггар а лекха ломарчу юьртахь муха хене воккху устагIаша

Дагестанерчу Куруш эвлахь устагIаша беркат латтадо бахархошна: юург а, ахча а, ягорг а. УстагIий узуш наггахь бен меттиг яц тахана цу республикехь

Къилбаседа Кавказехь хилла ца Iаш, Европехь а цхьана уггар а лекхачу лома тIехь йиллина ю Куруш эвла. Цуьнан лаьмнийн баххьаш лайшкахь хуьлу аьхка а. Ламанан дукъа тIехьа Азербайджан ю, цундела дозанхой сих-сиха кхочу цу эвла хьошалгIа. Каспийскехь кехатан бакъо яккха еза, нагахь хьо цига ваха лаам болуш велахь.

УстагIий бахьана долуш хене бовлу кхузара нах. Оцу дийнаташа бахархошна пхьор а, ягорг латтайо. Гобаьккхина хьалайоьттина ю кепатоьхна гIий.

Дагестанехь хIинццалц схьа устагIий узуш йисинчу кIезигчу меттигех цхьаъ ю Куруш. Цахураша а, тляратинцаша а узу устагIий.

УстагI оза Iаламат хала ду, цундела и декхар божаршна тIехь дисина. 1-3 литар шура лора цара бохуш, киншкаш тIехь яздахь а, аьрхачу цу дийнаташа хала ло шурин цхьа тIадам а.

Шерашкахь Iемина хиларе терра, ламанхочо устагIан цхьа ког схьалоций, шена герга а такхкабой узу иза. ГIайгIанечу хьажарца бIаьргбетта оцу сурте дисинчу устагIаша.

УстагIан шим газанчул а жима хуьлу. Цундела ма моьтту атта а дац и оза.

ХIокху кертарчу хIусамдайша 4 ведар гергга шура яьккхина устагIех.

Кевнаш диллина ду – къорвечу Iахаршца шайн Iахаршна дуьхьалхьаьдда устагIий.

Шура массарна а тоъал ю!

Нехча яккха Iалашонца ятийта дIахIоттайо шура. Цул тIаьхьа кочалла дIаяхийта цхьана чухоамчу ерзайо. Iуьйранна тIе туьха хьарсичхьана яа а, йохка а кийчча хуьлу нехча.