Нохчийчуьрчу талламан комитето дIакъевлина Дагестанера 8 вахархо вер хьокъехь толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх. И нах полисхоша байинера ши шо ах шо хьалха Гуьмсан кIоштахь.
Дагестанан махкахой лечкъийнера цу республикан территорина тIехь яххьаш къевлина баьхкинчу герзаца хиллачу наха 2016-чу шарахь гуьйранна.
Гергарчара чIагIдарехь, уьш латтош хилар гайтинера церан телефонаша лучу сигналаша ХIинжа-ГIалахь экстремизмана духьало ечу центрана гергахь.
Дагестанан талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна хиллера кегийрхой лачкъор хьокъехь. Цхьана хеначохь царах лаьцна кхин хезаш хIума дацара. Амма оццу шарахь ГIадужу-беттан 9-чу буса Нохчийчоьнан полисхоша герз диттина Гуьмсан кIоштахь вийра шина машенахь хилла 8 стаг. Цул тIаьхьа цара цIетесна а хиллера цу шина машенах.
Гергарнаш тешна бу и кегийрхой дIабигинарш ницкъаллин структурийн белхахой бу бохучух.
Шен агIор Нохчийчуьрчу талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийнера нохчийн полисхошна тIелатар дар хьокъехь. Стохка аьхка дуьйна и гIуллакх дIакъовла гIерташ бара талламхой, бехкебийраш байина хиларна. Амма цунна дуьхьал бара Дагестанера цу кегийрхойн гергарнаш.
Делахь а Дечкен-беттан юккъехь кхелхинчеран доьзалшка Нохчийчуьра кехаташ кхаьчна, царна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина аьлла.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ