ГаланчIожан кIошт денйийр ю аьлла Кадыров Рамзана.


Кхузара схьадевлла дуккха а нохчийн тайпанаш.

КIошт лаьмнашкахь Iуьллуш ю. Карарчу хенахь адамаш иза тесна йитина ю ала мегар ду.


Кхуза кхача атта дац.

Стохка некъаш шордан долийна Iедалша. Кхузахь а асфальт буьллур болуш бу.


Кхузахь бу кIоштан цIе йолу Iам - ГаланчIож.

1944-чу шарахь нохчий махкахбаьхча яссаелира ГаланчIожан кIошт.


Нохчий бакъонашкахь юханисбинчул тIаьхьа а бакъо ца елира царна Советан Iедало цу меттигашкахь баха ховша.

КIоштарчу эвланех херцарш а бен кхин дисина хIума дац.


Йохийна хIаллакйина ю адамаш даьхна шира меттигаш.