ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан бохамехь зуда а, жима стаг а дийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Адамаш а дойуш, некъан бохам хилла Нохчийчохь Хьалха-Мартанан кIоштахь. Нисса дуьхь-дуьхьал кхетта ВАЗ а, Toyota Camry а машенаш
И бахьана долуш ши адам дийна, кхин а шиъ дарбанан цIийне кхачийна.

Бохам хилла пIерасканан сарахь, "Каказ" федералан некъанна тIехь. ВАЗ машенна урхалла деш хилла 20 шо долу жима стаг а, Toyota машенахь хилла 56 шо долу зуда а делла. Кхелхинчу зудчуьнан 62 шо долу хIусамда а, цуьнца чохь хилла кхин цхьа зуда а чевнаш хилла ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG