Президентан харжамийн хьалхара мур хилла Украинехь. Кхаж тосу меттигаш схьайиллинера Iуьйранна 8 сахьт даьлча. Цара болх бира суьйранна 20 сахьт даллалц.
Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара 39 кандидат. Иза рекорд ю цу махкана.
Украинин коьртачу комиссино бинчу хаамца, харжамхойн терахь ду 35,5 млн стаг.
Exit Polls талламца, толам боккхуш ву Зеленский Владимир 30,4%), шолгIачу меттехь ву Порошенко Петро (17,8%), кхоалгIа ю Тимошенко Юлия (14,2%).
Президентан харжамийн шолгIа мур хир бу Украинехь ши кIира даьлча кIиранан дийнахь, Оханан-беттан (Апрель) 21-чохь. Ткъа Стигалкъекъа-беттан (Май) 1-чохь коьртачу харжамийн комиссино цIе яккха езаш ю Украинин керлачу президентан.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!