ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волгоградехь нохчашна а, гIалгIазакхашна а юкъахь дов лаьтта


Фермерна Сычев Евгенийна къиза йиттина аьлла, Iедалхойн тидам тIеоьзна Волгоградерчу Калачевскан кIоштахь дIаяьхьначу гIалгIазакхийн гуламехь а, атаманийн кхеташонан цхьанакхетарехь а. Йиттинчун кIанта дийцина, Нохчийчуьра схьабевллачу нахаца шен ден еххачу заманчохь конфликт латтарх, ткъа полицехь дахаран хьелашца йоьзна хета юьйцу инцидент.

ПIераскандийнахь Нижний Чир олучу станицехь Волгоградан кIоштарчу юхаметтахIиттийначу гIалгIазакхийн станицийн атаманаша вовшахтоьхначу кхеташонехь къастийра конфликте ситуаци. "Кавказский узел" агенталле дийцина цунах кхеташонан куьйгалхочо Фалалеев Александра.

"Нохчийн диаспораца цхьана йист йоккхур ю оха кхоллаеллачу ситуацин. ГIалгIазакхина еттар ду оха дуьйцург, цуьнан корта а бохош, пIендарш а кегдеш", - аьлла цо. Фалалеевс ишта билгалдаьккхина, Сычевн адвокат а шаьш юкъаозийна хиларх.

Хьалхо, кху беттан 1-чу дийнахь Голубинская олучу станицехь а вовшахкхеттера гIалгIазакхий, фермерна еттаран хьокъехь аьлла, хаам бина агенталле Донерчу гIалгIазакхийн шолгIачу гонан атамано Махин Андрейс.

"Ас а къамел дира хIетахь. Цигахь дакъалоцуш вара кIоштан декъан хьаькам а, Калачевскан куьйгалхо а, прокуратуран а, ФСБ-н а векалш а. Оха барт бира, ГУВД-н хьаькаме довла, и гIуллакх цуьнга тергоне эцийтархьама", - дийцина Махинас.

Оццу дийнахь, цуьнан дешнашца, кIоштарчу администрацехь гулам а хиллера, нохчийн диаспоран декъашхой юкъахь а болуш.
Ткъа Голубинская станицехь гулвеллера 200 стаг, дийцина "Кавказский узел" агенталле йиттинчун кIанта Сычев Данила.

Цо бахарехь, бехкзуламан гIуллакх ду долийна цуьнан дена еттарна. "Халкъе са ца гатдайта вовшахкхетера. Волгоградехь листа дIакхачийна оха гIуллакх", - аьлла, тIетоьхна фермеран кIанта.

13 шо а ду меттигехь бехачу нохчашца СычевгIеран дов лаьтта. Большенабатовский олучу эвлахь шаьш бежнаш лело дуьйладелчхьана боху Данила. Оцу эвларчу 6 хIусамех кхоъ, 20 шо хьалха цига баха баьхкинчу нохчаша дIалаьцна ду.

"Тхан латтанаш ду, нахе лело делла а ду, тхаьш лелош а ду. Тхо дерриш а ду кхузахь белхаш беш. Шина къомана юкъахь лелха конфликташ бахьана долуш, гуламаш хуьлу кхузахь. Шозза вовшахкхеттера тхо. Полици а еанера, администрацера а баьхкира. ТIаьххьара гулделира тхо стохка дара и, йа лурчаха дара...Кху юьртахь веха фермер Стариков Юрий вийнера. Бахьанаш ца цаьа суна иза веран. Кхерамаш сан дена а туьйсура", - дIахьедина воIа.

Сычев Данила бахарехь, байначу беттан 20-чохь пхи бежан дийра кхеран дIавш делла. "Калийн сульфат чохь йолуш гали кхоьсинера цхьаммо хийисте. Ветеринараша дина тоьшалла а ду тхоьгахь. Бежнаш лечкъадо тхан. ХIора шарахь 15 корта бов тхан", - дийцина Сычевс.

Данилан дена Сычев Евгенийна тIелатар динера байначу беттан 26-чу дийнахь, шен доттагIчуьнца иза дехьарчу хийистехь садоIуш волчу заманчохь, дийцина кIанта.

"Тоьпан бух биттинера сан дена. Нохчаша дийцинера, шаьш тIехдовлучу хенахь сан дас шайн некъ а хадош, "вайга къамел дайта" а аьлла, шайх лета вуьйлира бохуш. Трактор тIе а хиина цул тIаьхьа сан да дIавахара боху цара. Сан деца хилларг а дIаваханера. ТIаьхьо сан да юхавеача, цунна йиттина хиллера къиза, туьтан бух а, лергаюх а кагйинера цуьнан. Коьртан хье а лазийнера, аьтту агIор болу ши пIенда а кагбеш. Реанимацехь Iуьллуш ву иза. Оцу хьолахь хьуьнхахь 3 сахьт даьлча суьйранна 9 даллалц Iиллина сан да", - дийцина Сычев Данила.

Йиттина кхо де даьллачул тIаьхьа айдира боху Сычевн адвокато Бенгардт Юрийс, бехкзуламан гIуллакх а.

"Сычев дарбан цIине кхачийначул тIаьхьа, шеконашца нах лецнера полицино. Амма масех сахьт даьллачул а тIаьхьа, лецнарш маьршабаьхнера. Сычевс ша лазартне валийча, охьакхетта лазийна ву ша аьллера, оцу бахьанашца дIахецна шаьш элира соьга Волгоградан кIоштан ГУВД-н белхахочо", - дийцина адвокато.

КIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн официалан векало Смольянинова Светланас тIечIагIдина агенталле, "стеган могушаллина хаа а хууш зен дар" аьллачу Зуламан кодексан артиклехь бехкзуламан гIуллакх долийна шаьш аьлла.

Ишта цо бахарехь, Сычевна а, цуьнан лулахошна а юкъахь иккхина конфликт вовшашлахь дахаран хьелаш бахьанехь дов даьлла хIума ду.

"Уьш кхуьй а къаьркъа молуш хилла. Цхьана эвлахь, цхьана урамехь бехаш бу уьш. Шина а агIоно лелош бежнаш ду. Тхоьга бинчу хаамца, дов доладелла, цхьана хIусамден бежнаш вукху долахочун территори тIе девлла аьлла", - дийцина полицехь.

Маса стаг ву оцу гIуллакхна юкъаозийна, хIун таIзар дийр ду царна, цкъачунна дуьйцуш дац.

Шайлахь даьлла дов ду аьлла тешна ву Волгоградехь бехачу нохчийн "Барт" юкъараллан куьйгалхо Шамаев Вахьид а. "Къаьркъана тIехула ду дерриг а", - аьлла цо "Кавказский узел" агенталле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG