ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь веллачу цIийндех тIеман ветеран стенна ца во хоьтту зудчо


Шемахь вийначу шен цIийндех Григоров Николайх лаккхара пенси хIоттадайта гIерта Псковера цуьнах йиссинарг. Ахчан дуьхьа ца лела ша, и хаттар принципиале хIума ду шена боху цо.

Шемахь вийна цуьнан майра, ткъа Iедало ца лору иза тIеман ветеран. Рапорт яздина хила дезаш дара Григоровс тIеман ветеран хила лаарца ша дийна волчу хенахь, амма ца кхиина иза.

Наггахь бен цIахь ца хуьлура Григоров: эскаран декхаро дIаоьцура йоллу цуьнан хан, дуьйцу цунах йиссинчу хIусамнанас Натальяс.

"Цхьа цамгар санна хIума дара и цуьнан. ВДВ, Оьрсийчоь, арми, президент, Iедалхой – цаьргахьа вара иза. Оьрсийчоьнехьа вара иза. Ша мехала специалист а хетара цунна. Цо олура - нагахь со цига хьажавахь, гIур ву со", - дагалоьцу Николайн хIусамнанас.

Дийцаре ца дира Шема вахар а. 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь Москвара омра кхечира цуьнга, ткъа Лахьан-беттан 27-чохь дIавахара иза Шема. Наггахь бен телефонехула зIене а ца волура. Ша волу меттиг а, ша лелочух а цкъа а дуьйцуш ца хилла цо. Цундела Натальяина ца хаьа, Оьрсийчоьно Шемахь йолийначу операцех хIун аьлла хетара Николайна. Амма иза тешна ю, шен хIусамда даггара лелла хиларх.

"Контрактца вахана вацара иза цига, йа ша цхьаъ а ца ваханера. Оьрсийчоьнан эскаран векал хиларе терра цига хьажийна вара иза. ТIеман гIуллакхдархо ма вара Николай. Цуьнга цхьаммо а хоьттуш хIума а дацара, лаьа хьуна цига ваха, йа ца лаьа", - дуьйцу Григорова Натальяс.

И бохам хилале хьалха телефон а тоьхна, кестолгIа догIучу кеманца цIа вогIур ву ша аьлла хилла эскархочо. Зазадоккху- беттан 17-чохь кхо шо кхочура кхушиннан кIентан, оцу дийнахь цIахь хила лууш хиллера да.

"Керлачу хаамашкахь хезира суна, кема чудоьжна бохуш. Амма сан коьрте а ца деара, цу чохь иза хилла хир ву аьлла. Суьйранна, кхи цо жоп ца делча, цуьнан накъосташка яздан юьйлира со, иза хоьттуш. "Наташа са ма гатде" бохуш, со теян гIертара уьш. ДоттагIчун хIусамнанас элира соьга, со лоьхуш командир ву аьлла. Кийрахь мел дерг хедира сан тIаккха", - дагалоьцу Николайн хIусамнанас.

Стохка Зазадоккху-беттан 6-чохь Шемарчу Хмеймим авиабазехь охьадуссучу заманчохь доьхнера оьрсийн АН-26 транспортан кема. Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь хаамбира, цу чуьра 39 стаг велла аьлла.

Сий деш, ларамца дIавоьллира Григоров Николай, Iорадккха а ца лууш. Ницкъахоша го бинера кешнашна, тIе ца битира журналисташ а, ур-атталла гергарчарна а дихкира суьрташ йа видео яккха. Сихонца компенсаци а дIаелира Натальина. Юридикехь компетенте йоцчу, цIийнда велла стрессехь йолчу зудчо, хIун кехаташ ду а ца хьоьжуш, куьйгашяздира шега кхийдочу документашна. ТIаьхьо тидам хилира цуьнан, иза валарх деллачу кехат тIехь билгалдаьккхина цахилар, Николай тIеман декхарш кхочушдечу заманчохь кхелхина хилар.

Кхечу регионашкарчу ша санна биссинчу зударшна ахча жимма совдаьккхина луш дуй а хиира Натальина. ТIеман комитете яздира цо цунах лаьцна, амма цуьнга жоп кхечира, кхуьнан цIийнден тIеман ветеран хиларан официалехь статус яц, цундела кхунна ца догIу кхи сов ахча аьлла.

"Никрлайн кехаташ тIехь йина билгало хила еза, иза тIеман ветеран ву аьлла. Тхох цхьанхьа а цхьа а кхеташ вац. Ца кхета, ас стенца къийсам латтабо а. Соьга олу: "Ветеран ма ву иза, кхи хIун оьшу хьуна?". Ас боху: "ХIан-хIа, ветеран вац иза". Цара ву олу, ас вац олу, ишта тоти (попугай) санна Iаш ду-кх тхо: иза ветеран ву - ветеран вац бохуш. Юьхьанца цара бегаш бо моьттура суна, юха кхийтира со, уьш баккъал а кхеташ боций".

И баттахь тIекхета ахча 1000 сом гергга ду боху Натальяс. Амма ша къуьйсург ахча дац боху цо, и ша хаттар шена принципиале ду боху цо.

Низамашкахь шена догIучул а совдаьккхина хIума доьхуш яц Григорова Наталья. Ишта къаръяла дагахь яц иза, ша бакъяллалц къийса лаам бу цуьнан шен дуьхьа а, тIейогIучу хенахь шен метта нислур волчун дуьхьа а.

"ХIун хаьа, кхул тIаьхьа цхьаъ аттачу даккха а ма тарло Iедалхоша, хийца тарло низамаш а, - дегайовхонца боху Натальяс. – Дукхахболу нах цхьанхьа а ца бовлу арз оьций, шайна ца хууш хиларе терра".

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан терахьашца, Шемарчу тIамехь 40 эскархо ву велларг. 50 стаг тIемашкахь велла вац аьлла, билгалвоккху урхалло, церан могIарехь бу – оьрсийн масех доьхначу кеман чохь а, вертолеташ чохь а белларш.

XS
SM
MD
LG