ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь полисхой а, экзамене баьхкина дешархой а латар къастош ю талламан комитет


Гайтаман сурт.

Зорбанан гIирсашкахь видеоролик яржар бахьана долуш, Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло къасто долийна Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь школана гергарчу территори тIехь лакхарчу классашкара дешархой а, герз детташ полисхой а латар.

Цунах лаьцна хаам бинчу талламан урхаллан сайта тIехь герзаца хилла полисхой хьахийна бу ""муьлш бу ца хуу нах" аьлла. Цу хаамца, хилларг буьззинчу барамехь къастийначул тIаьхьа, талламан комитето бийр бу кхин дан дезачух лаьцна сацам.

"Кавказ.Реалиино" яздарехь, дешархошна а, герз диттинчу полисхошна а юкъахь латар хилла Соьлж-ГIаларчу 54 номер йолчу школехь. Дар-дацар иккхина хилла ОГЭ олу 9-гIа класс чекхяьлча юккъера дешаран курс дIаерзош луш йолу коьрта пачхьалкхан экзамен дIайолаялале хьалха.

"Кавказ.Реалиин" хьастано дийцарехь, полисхо реза воцуш вистхилла 9-чу классан цхьана дешархочуьнга. Цунна ца тайна полицин белахахочо иза даран кеп. Дешархочун тIехIоьттина цуьнан доттагI. Бага лееш полисхочо сийсазвина дешархойх цхьаъ. Цо шена жоп делча, герзаца хиллачу полицин белхахочо тоьхна дешархочунна. Цул тIаьхьа доладелла буй-тIара. Дукха хан ялале цу юкъагIоьртина полисхочун белхан накъостий.

Сихха социалан машанашкахь гучуяьллачу видео тIехь дика гуш ду дешархочунна а, полисхошна а юкъахь иккхина дов. Иштта хезаш ду герз дийлар а.

54 номер йолчу школан директоро Берсанова Мадинас дийцина "Кавказ.Реалиига", дуьххьар полисхой дакъалоцуш бацара конфликтехь аьлла. Цу зудчо ялочу версица, уьш юкъагIоьртина 9-чу классерчу дешархошна юкъахь девне бирзина цакхетамаш хиллачул тIаьхьа. Хилларг гинчу директоро ша кхайкхира, боху полици.

Экзамен дIалуш берашна тIехь лазоран ларш шайна гина ца хилар билгалдоккху Берсановас. Директоро чIагIдарехь, конфликтехь дакъалоцуш дара 54 школе экзамен яла даьхкина 11-чу а, 61-чу а школашкара бераш.

XS
SM
MD
LG