ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисино дIавелла Ахъядов зуламан тоба кхолла дагахь вара аьлла Нохчийчохь


"Исламан пачхьалкх" шех олучу организаци юкъа яхийта Нохчийчохь гIаттамхойн тоба кхолла Iалашо кхобуш хилла Гуьржийчоьно Оьрсийчоьне дIавелла Ахъядов Рамзан аьлла, хаамбина Новости агенталле Оьрсийчоьнан инарла прокуратурано. Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхийна Ахъядов Рамзан Тбилисино Оьрсийчу дIахьажийна аьлла, Гуьржийчоьнан юстицин министро Цулукиани Теяс хаамбарх.

Низамехь йоцчу «ДАIИШ» тобанца зIенашкахь хиларна бехкевеш, дIавехнера иза Оьрсийчоьно. Ткъа ша хIуманна а бехке вац, шена верна кхерам бу Оьрсийчу экстрадици яхь, дуккхаза а дIахьедина хилла гуьржийн Iедалшка Ахъядовс. Кхочуш данза дитина цо тховкIело йоьхуш дина дехарш а.

«Исламан пачхьалкхе» нах дIахьийсорна 2013-2015-чу шерашкахь, ша а Малхбалерчу тIемашкахь дакъалацарна дIавоьху иза. Тахана Iуьйранна дIахьажийна», - аьллера Цулукианис.

39 шо долу Ахъядов Рамзан 2017-чу шарахь дуьйна вехара Гуьржийчохь шен доьзалца, зудчуьнца а, берашца а цхьаьна. ДIадахначу Iай Кутаисехь машен нийса дIа ца хIотторна тидаме воьжна иза полицин. Лаьцча, гучудаьлла Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхуш хилар. ХIетахь дуьйна схьа Гуьржийчоьнан оппозицино дуккхаза а дехна шайн Iедале иза Оьрсийчу дIа цахьажор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG