Самдахь Мария 18 шо долу, къона фотограф ю. БIе шо сов хьалха Урдуне кхаьчначу нохчийн мухIажираша йиллинчу Аз-Заркъа юьртахь ехаш ю иза. Жима йолуш дуьйна сурт дуьллуш самукъа долуш яра Мария. 2016 шарахь дуьйна сурташ даха йолаелира иза. Кху деношкахь Урдунехь хилира сурташ дохучера къовсам. Цигахь хьалхара меттиг яьккхира къоначу нохчийн йоIан балхо. Маршо Радионо гойту Самдахь Марияс даьхна цхьадолу сурташ.

Аз-Заркъехь ежаш ю гомашаш.

Мариян да Хьусейн моз доккхуш ву ша вехачу Аз-Заркъехь.

Мерза ду дас доккху моз.

Моз.

Аз-Заркъехь догIанаш оьхуш бузуш болу Iам.

Сахьт.

Заза.

Стоьмийн мутт.

Какао.

Аз-Заркъера Iам.