ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн а, ницкъахойн а бакъонаш шорлур ю. Харжамаш бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан хиндолчу дахарх дуьйцу политологаша


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчочьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийчочьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Оьрсийчоьнан Конституцехь Путинан хийцамаш беш, кхаьжнаш тесначул тIаьхьа 85 процент протоколийн жамIаш зийча къаьстина, кхаьжнаш тесна 77% бахархой хийцамашна реза хилар. И хаам бина Оьрсийчоьнан коьртачу харжамйин комиссино. Конституцехь бан леринчу хийцамашна дуьхьал хилла 21,35 процент кхаьжнаш теснарш, я ала тарло, пхоьалгIа дакъа.

Оцу юкъанна, Москвахь а, Петербургехь а, кхечу яккхийчу гIаланашкахь а хийцамаш барна тIетайнарш Iаламат кIеззиг бу: Москвахь онлайнехь кхаж теснарш 62 процентал а жимма сов эккхаш ду терахь. Ткъа харжамийн каппашкахь кхаьжнаш тесна 65% гергга бахархоша.

Кремлна а, къаьсттина Путинна а хIун дохьу оцу жамIаша? Шайна дуьхьал болчийн, тоъал доккхачу декъехьа, муха хир ю церан ойла? Муха хир ду дахар, керлачу, "Путинан" Конституцица? И хаттарш дина "Настоящее Время" телеканало политологашка Павловский Глебе а, Сатаров Георгийга а, иштта, "Новая газетан" "Политика" декъан редакторе Мартынов Кирилле а.

Ойла йоьжна дара цу кхааненна а хетарг.

Павловский Глеб: "Политикана керла база гучуйолуш ю Оьрсийчохь: резабоцу нах. Уьш дукха бу".

– КIиране дIабахбина харжамаш а, Коьртачу харжамийн комиссино дIакхайкхийна жамIаш а муха тIеоьцу ахь?

- Дагахь а доцу жамIаш ду уьш суна, хIара - эшар ду. Харжамашкахь, хуьлийла уьш харц, я референдумехь, хуьлийла иза кочайоьллина, 71 процент "реза" хилар – иза триумф ю. Ткъа тардеш, хийца йиш мел хилларг харцдинчу тешам болуьйтучу плебисцитехь динарг - эшаме ду. Инзаре эшаме. Цхьнхьа а хьулдан йиш яц иза, хIунда аьлча, и терахьаш долуш ма дуй. Ткъа и терахь хиларо гойту - билггал долу терахьаш кхин а лахара хилар. Цундела, жамIашкахь Путина а, Кремло а, уггар а хьалха, шаьш шайна тохар дина.

Цара гайтина, пачхьалкхан бахархошлахь кхоалгIа дакъа шайгахьа доцийла, хIунда аьлча, и кхаж тасар дан а ма дара тешамна кхаж тасар. Цундела, хIинца вайн политикана аьлла, керла бух гучуболуш бу: резабоцу нах. Уьш дукха бу, Iаламат дукха бу.

- Ткъа стен новкъарло йо Iедална а, Коьртачу харжамийн комиссина а 97 процент аьлла, терахь дIахIоттон массанхьа а, къастийначу регионашкахь яздина ца Iаш.

- Оьрсийчоь - чолхе пачхьалкх хиларо, цхьатерра йоцуш, цхьанатайпа йоцуш, цхьабосса йоцуш. Башкирехь 94% я 96% тIетайна аьлла яздира. Амма пачхьалкх тайп-тайпана ю, массо а меттигехь хIуъ-хIуъ а яздойла яц. Делахь а, вайна гург юккъера терахь ду, цо гойтуш ду ма-дарра: пачхьалкхан доьалгIа я кхоалгIа дакъа цу къепена реза цахилар. Керлачу политикан муьре доьрузш ду вай хIинца, эр дара ас. Суна хетарехь, оцу жамIашца вай ваьш декъалдан деза. ХIунда аьлча, Москван урамашкахь 100 я эзар стаг валарх – керлачу политикан бух буттийла дац. Ткъа пачхьалкхан кхоалгIа дакъа – иза бух бу. Иза баккъал а хIума ду.

- Оцу "керлачу политикано" дуьхьал болчаьрца хIун кепаш лелор ю аьлла хета хьуна?

- ХIинца Кремл а, Путин а хьалха санна, билггал цунна кхаьжнаш тосуш, массарна а юкъара иза хоржучу хьолехь яц, хIинца ситуаци хийцаелла. Шаьш Iедалехь бехха биссийтархьама, керла коалицеш кхолла дезар ду церан. ХIинца хиллачу харжамашкахь дерриг а бохург санна хIоттийна сурт дара: и доллу четарш а, масех дийнахь кхаьжнаш тийсар а, и дерриге а фикци ю, оцу тIехь дуьссийла дац. Цу тIехь латта хала хир ду, ундела, хIинца цхьа хийцамаш хир бу аьлла хета суна.

Сатаров Георгий: "Хала хеташ делахь а, ницкъ бар – даим а санна, бакъо йолуш хир ду" .

– Бакъ хетий хьуна, хийцинчу Конституцино Оьрсийчоьнан бахархой хIинццалцчул а ледара Iалашбийр бу аьлла?

- Мел хIуъа а дийцахь а, Конституцехь хьалхара кхо дакъа ма ду хийца йиш йоцуш, царна тIетоьхна а, я тIерадаьккхина а хIуммаъ дац. Уьш хийца лаам хилахь, Iаламат чолхе процедура дIаяхьа еза. Амма Конституцин кхечу дакъошкахь бина хийцамаш бIостане бу хьалхарчу шина декъахь яздинчуьнца. Ткъа цо Конституцех маьIнадоцу документ до: шен логикан а, юридикан а бакъо а эшош. И бохург ду, хила ма-езза Конституци йоцуш хилар. Амма Конституци болх бечуьра сецча, дуьссург цхьа хIума ду: ницкъ.

ХIокху референдумехь хиллачун тIаьхье хир ю – ницкъбар дозадоцуш хирг хилар. Шайна луъург лелор – уггар а коьрта низам хир ду хIара режим латтаран.

- Ткъа стенна оьшура Конституци хийца, Оьрсийчохь шайна хеттарг а деш, маьршша Iедал Iаш хилча?

- Iедалхой бакъонна а, Конституцина а, дуьненан бакъонна а хьалха мел а ийзалуш бара. Цундела, уггар а ирчаниг ду – Оьрсийчоьно пачхьалкхехь лелочунна хIинца дуьненан бакъоно детта дозанаш лелар цахилар. Къаьсттина и ду уггар а лазаме дерг. Вай дIадоьллачу Путина чакхе а йоцуш пачхьалкхехь урхалла дар хала дацара, цуьнга диллича. Суна хаьа, дуьненан юкъараллана гергахь ийзадалар дара - дозанаш деттаран фактор, ткъа хIинца и фактор йоцуш ю. Цундела ницкъбар – оппозицина а, къар ца лучу журналисташна а, блогершна а кхераме хилла ца Iаш, муьлххачу а пачхьалкхан вахархочунна а цхьана кхераме ду. Хьалха а адамашна тIехь Iазап латтор долуш дара, амма вай кIеззиг тидам бора цуьнан, могIарера нах церан куьйга кIел бахча. Ткъа хIинца, халахеташ делахь а, юкъара гIуллакх хир ду цу кепара ницкъ бар.

Мартынов Кирилл: "Ницкъахойн а, Кадыров санначу лидерийн а гIуллакх толур ду"

– Резаболчийн терахьаш а Iедалхошна эшаму ду бохуш, дIахьедо политологаша. Хьо реза ву цара бохучунна?

- ХIаъ, иштта суна хета, Iедалхоша юкъадаьккхинарг доккха гIалат дара аьлла а. Схьагарехь, кху кепехь референдум дIаяхьар - Путин Владимиран шен сацам хилла. И сацам тIеэцарехь цхьа тIеIаткъам бан йиш хиллехь, суна хетарехь, цуьнан администрацино дуьхьало а йина, оцу сохьта кечам бан йолалур яра 2024-чу шарна.

Кхаьжнийн жамIаш Iедалхошна – инзаре тохар хIунда ду? ХIунда аьлча, Iаламат дукха шайн лаамехь харжамийн дакъошка баьхкинчу Оьрсийчоьнан бахархоша карарчу хенахь Iедалехь болчарна дуьхьал кхаьжнаш теснера. Массо а хийцамашна дуьхьал хиллера уьш: социалан а, коьртачу Путинан хан юхайоккхучу хийцамашна а цхьана. Миллионашкхаь наха дIахаийтира кху заманан политикан хьолана а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша лаьцначу курсна а шаьш дуьхьал хилар. Цхьаннан а олийла дац хIинца оцу тобанех, уьш мостагIийн маргиналан группа ю, Малхбузено хьовсийна нах бу, иштта кхин дIа а.

- ХIун аьлла хета хьуна, хилла харжамийн жамIаш Путинна цхьа керла хаам санна хетар дуй?

- Суна хетарехь, тодина, цхьа дикачу кепехь дуьйцур ду Путине. Цуьнга-м эр ма дуй, хьо тоьлла. 1993-чу шарахь Ельцин волчу хенахь Конституци къобал йиначарел а лакхара ду терахь аьлла. Цундела, со тешна ву, хIара хиламаш бахьанехь президентана а, пачхьалкхана а юкъара юкъаметтиг эгIар - хан мел йолу чIагIлур ду. Аш ма-аллара, пачьалкхан мел лахара а доьалгIа дакъа мало а ца еш, харжамашка ара а даьлла, дуьхьал кхаьжнаш тесна.

- Iедалхошна хIунда хир бу и нах кхераме, церан хьокъехь Iедалхоша рогIера йоккху гIулч а муха хир ю аьлла хета хьуна?

- Оьрсийчоьнан Iедалхоша ен йолу ши гIулч го суна. Хьалхара – электоралан системех диссинарг схьалеIа гIертар бу уьш. Хетарехь, хиндолу кхаьжнаш тасаран де, кху шеран Гезгамашин-баттахь, цхьа керлачу низамашкахь дIахьур ду. ХIинца а санна, хенал а хьалха цхьана кIиранчохь кхаьжнаш туьйсуьйтур бу, электронан кхажтасар хир ду, мел а кIеззиг альтернативе кандидаташ а болуш. ХIунда аьлча, харжамашка гIур болчу Iедалхошна а, церан цIарах лелачу нахана а гур ду карарчу хенан терахьаш. ТIаккха кхаьхкар бу уьш, кхералур бу массо а харжамийн тIегIанехь шаьш эшарна. Цундела суна аьлла хетарехь, вай дIадоьлла харжамийн система, шен доллу кхачамбацаршца, дIакъовлалур ю.

ШолгIа аьлча, Путинан гонерчу цунна тIех муьтIахь болчу нехан а, иштта, шаьш цуьнан "тешаме салтий" хетачеран а рол совъер ю. Суна хетарехь, ницкъахойн а, Кадыров Рамзан санначу политикан лидерийн а бакъонаш а кхин тIе а шорлур ю. И дерриг а доьзна хир лу, уггар а хьалха, хIинца лаьтташ йолу политикан кризис кхин дIа а яржарна кхоьруш хиларца. Ша Кремло меттахъяьккхина кризис ю иза, референдум юкъаяккхарца. Ткъа цигахь вайн 25-30 % бахархоша дIахьедира: "Тхо долуш ду", "Оха "ХIан-хIа" боху Путинан ражна!" аьлла.

Материалан оригинал кхузахь.

XS
SM
MD
LG