ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус эшон вуно эвсара молха карийна Америкерчу Iилманчашна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Питтсбурган университето бинчу талламаша аьтто белла коронавирус сихонца хIаллакъен органикан коьчал каро. Цо вирусах дакъалгах а йозалой, иза чуьра хIаллакйо, боху талламчаша.

COVID-19 уьнна дуьхьал кхоьллинчу Ab8 препаратна лелочу коьчалел уьттазза кIезиг бу вирус йохош лелочу керлачу коьчалан барам, боху оршотдийнахь арадаьллачу Iилманан Cell журнало.

Коронавирус эшорца лаккхара эвсаралла гайтина керлачу молхано дехкашна а, оьпанашна а тIехь. Уггаре коьртаниг – кхоьллина коьчал ца йозало адаман дилхан молекулах, цундела гуттар а лахара ду молхано дан тору зен, боху говзанчаша.

XS
SM
MD
LG