ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Юсуп. Дош


Сулейманов Юсуп

Дош

Шуьнан йист яййина, г1анта т1ехь вазлуш,

Ч1ог1а дош ахь алар тамаша бац.

Дош тоьлу, и делахь, даррехь, ша дазлуш,

Оьшшучохь сацадеш харцонан дарц.

Къеначун я беран дош чорде кагдеш,

Ма билла ахь цхьанна ца бог1у бехк.

Дош тоьлу, ахь алахь и, ткъесах тардеш,

Боданехь цо баккхахь серлонга некъ.

Собарца аьллачу цу дешан ч1аг1о

Мокхаза бердал а нуьцкъала ю.

Ткъа, бакъ дош бу стеган болатан аг1о.

Дош шалха даьллачохь сий а леш ду.

Нохчийн поэт Юсуп Сулейманов вина 1933-у шарахь 21 августехь Дишни–Веданан вахархочун Чуьрчин доьзалехь.

Бер хенахь къаьстинера Юсуп дех-ненах. ЦхьайтталгIа шо дара цуьнан, "халкъан мостагI» ву аьлла цIе а тиллина, декъазчу шен халкъаца махках воккхучу дийнахь. Кзыл-Ордан Джалагашан кIоштарчу Кокжидзе юьртахь дIаяхана цуьнан кхийолу хан. ФЗО-хь деша а доьшуш, Карагандан шахтехь болх бина. Сулеймановс.

Лаккхара деша аьтто ца хиллехь а, дахаро деллера цунна шен Iилма а, байтанчан похIма а. Вай цIадирзинчул тIаьхьа «Колхозан дахар» газетехь болх бина Cулеймановс. Байташ зорбане евлла газеташкахь а, «Лаьмнийн иллеш» цIе йолчу цуьнан поэин гуларехь а, "Къоналлин кхайкхамца", "Iуьйренан аьзнаш", "Вуьссур вац со новкъахь" цIе йолчу юкъарчу сборникаш тIехь а, ткъа иштта "Орга" альманахехь а.

Юьртахоша дийцарехь, Юсуп чIогIа говза вара стоьмийн синтарш кхиорехь. Дукха ду цо дийгIина синтарш Веданарчу бахархойн стоьмийн бошмашкахь. Уьш а лаьттар ду, стом луш, цуьнан стихаш ешначу хIоранна а поэзин бешо лун стом санна.

Поэт кхелхина 1985-чу шарахь Дечкен-беттан ( январь) 10-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG