ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лукашенкон режимна санкцеш кхайкхо гулъеллачу пачхьалкхийн барт ца хилла


Европан Бертан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрашна барт ца карийна Белоруссин куьйгалхошна дуьхьал, цара шайн махкахь Марсхьокху-беттан 9-чохь харцонца чекхбаьхначу президентан харжамашна реза боцчу гуламхошна тIеIаткъам барна сакцеш кхайкхо.

Делахь а Европан Бертан пачхьалкхаш тешна ю Минсканна санкцеш дуьхьалъяха езаш хиларх, хаам бо "Немцойн тулгIе" радионо. Цо а, кхечу хаамийн гIирсаша а дийцарехь, Бертан 27 мехкан министрашна консенсус ца карийна Кипран позици бахьанехь. Оцу мехкан векало, Лукашенкон режимна кхайкхош йоллу санкцеш кхайкхо еза гулбеллачу Европан Бертан министраша Туркойчоьнна а, цо хIорда чуьра Кипран доза а хадийна, мехкдаьттан зона шена ерзорна, аьлла, талхийна барамера барт.

Европан Бертан сакцеш кхайкхо аьтто ца баьлла хилар массарел хьалха хаийтина Твиттерехь Латвин дипломатин куьйгалхочо Ринкевич Эдгара. Оцу министран дешнаш иштта гочдо Би-би-си радионо:

"Халахеташ делахь а, адамийн бакъонаш талхорна дуьхьал санкцеш яха аьтто ца баьлла тхан тахана, хIунда аьлча, цхьана пачхьалкхо-декъашхочо тхо "закъалте лецарна". Иза вон хаам бу белорусашна а, вайн юкъарлонашна а, дерриг дуьненна а", - яздина цо, шен Iалашо хьалха а яьккхина, Кипро Европан Бертан сацам бохорна резавоцуш.

Цунна дуьхьал жоп луш, Кипран арахьарчу гIуллакхийн министра Христодулидис Никоса яздина, адамийн бакъонаш талхор массанхьа а цхьабосса мах хадош хила деза, аьлла.

Кипран векалша Лукашенкон режимна туххучу хенахь санкцеш тохар дийхира Туркойчоьнна а – Никосина хетарехь, цуьнан экономикан зонехь мехкдаьтта даккха гIерта Туркойчоь.

Тахана Кипро юкъахбаьккхина шен сацам Европан Берто чекхбаккха тарло кху беттан 24-чохь йолаллучу Европан Кхеташонан саммитехь.

XS
SM
MD
LG