ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шо долчу дагестанхочо 14 шо токхур ду набахтехь талламча ерна


Москва-махкарчу кхело 14 шо хан тоьхна набахтин луьрачу хьолехь такха Дагестанера схьаваьллачу студентана-медикна Абдулазизов IабдулIазизна. Иза бехкевина лаккхара жоьпалла долу девнаш зуьй талламча Шишкина Евгения ерна.

"Медиазона" портало бечу хаамца, Абдулазизовс шен доттагIчуьнца Грунский Кириллца цхьаьна реза хилла мехах зуда ен, цара герз диттина йийна Шишикина, ягийна цуьнан машен. 18 а, 17 а шераш хилла церан зулам дечу хенахь.

  • Хьалхо талламчаша даржийра, Шишкина шен болх бахьанехь йийна хила тарло, аьлла. "Коммерсантъ" газето яздира, талламча "Аэрофлотан" бонусашца лелийна хьарамлонаш зуьйш яра, аьлла. Би-би-си корпорацин Оьрсийн редакцино бахарехь, Шишкинас деа шарахь теллина хилла Оьрсийчоьнан аьчка некъийн урхаллехь билеташца бозбуанчаллаш лелор.

XS
SM
MD
LG