ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера коронавирусан хроника: белларш - 29, керла дархой – 1189


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах велла 29 пациент, цамгар кхетта кхин а 1189 вахархочунна, хаам бо Оьрсийчоьнан оперативан штабо.

10 дархо дIаваьлла Дагестанехь, 7 – Ставропол-махкахь, 6 – Краснодар-махкахь, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а велла кхоккха стаг, Нохчийчохь – 1. Юхьанца дуьйна пандемих белларш бу Къилбаседа Кавказехь 3 786.

Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хиллачийн официалера статистика иштта ю:

• Ставропол-мохк + 232 (28405)

• Краснодар-мохк + 170 (22589)

• Дагестан + 117 (19326)

• Нохчийчоь + 122 (4731)

• Адыгей + 97 (8342)

• ГIебарта-Балкхаройчоь + 97 (13001)

• Кхарачой-Чергазийчоь + 92 (12497)

• ГIалмакхойчоь + 98 (11942)

• Къилбаседа Х1ирийчоь + 79 (9603)

• ГIалг1айчоь + 85 (9720)

Регионехь кхушара даьржинчу уьнах цомгуш хилла ларало 140 156 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду, оперативан штабо бахарехь, 2 375 546*.

  • *Аннекси йинчу ГIирмера хьал а шена чулоцу Оьрсийчоьно.

XS
SM
MD
LG