ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантин цаларъечарна даккхий гIуданаш деттар ду Нохчийчохь


Грозный в период пандемии
Грозный в период пандемии

Роспотребнадзоро халкъ коронавирусах Iалашдеш дина тIедахкарш лардеш боцчу бахархошна даккхий гIуданаш деттар ду, аьлла мехкан парламентан спикера Даудов Мохьмада. Цо тоьшалла дарехь, COVID-19 цамгар юха а цIеххьана сиха яржайоьлла Нохчийчохь.

Шен Инстраграмерчу агIонехь Даудовс боху: "Профилактикан тIедахкарш талхош болучу наха кхерам бохьу гонахарчийн могашаллина, иштачарна, цхьа а озабезам боцуш, деттар ду гIуданаш. Иза хьакхало туьканех а, кхача кечбечу а, садоIучу а меттигех".

  • ГIура-беттан 3-чу денна Нохчийчохь цомгуш хиллачийн терахь кхаьчна 4 609. Официалан хаамех тоьшийла делахь, коронавирусах велла 70 стаг. Кху муьрехь дено-дено совбуьйлу керлачу дархойн барамаш.
  • Амма Нохчийчоьнан Iедал лерина ду, коронавирус яьржина елахь а, карара бутт бовш Керлачу Шеран барамаш махкахь дIабахьа.
XS
SM
MD
LG