ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Президента аьлла – караерзо еза". Кадыровс ницкъхой хьовсийна Арктике


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лерина ницкъаш Iама хьовсийна Арктике. Iамораш лаьттар ду кху беттан 30-ра Охан-беттан 6-чу дийне кхаччалц. Iамар стенна оьшу дуьйцуш, "мостагIашца" къийсам латто беза, "уьш а бац юьстах Iаш, шайн методикаш кхуллуш бу", - аьлла Кадыровс.

Амма коьрта Iалашо ю Арктике Росгвардин ницкъаш Iама хьовсоран, Кадыровх тешча, иза Оьрсийчоьнан президентанна Путин Владимирна муьтIахь вуйла гайтар.

"Оха хаийтина тхаьш коьртачу буьйранчин муьлхха а омра кхочушдан кийча дуйла: лаьттахь, хи тIехь, Арктикехь – бен а дац… Президента аьлла – карерзо еза Арктика, тхо декхаре ду, тхо тешна ду тхаьшка кхерамзалла хIотталуш хиларх, иза миччахь деш делахь а", – дIахьедина Кадыровс ша аэропортера леринчу ницкъан тоба дIахьовсош.

  • Къилбаседа полюсехь тIеман Iаморашкахь 2016 шарахь дакъалаьцна ю нохчийн леринчу ницкъийн тоба. ХIетахь экспедици яхъелира кхаа кIиранна яхъелира, кема гIотту асанна тIехь ша бохар бахьана долуш.
  • Юхаеана ницкъхойн тоба даздаршца тIеийцира республикехь. Кадыров Рамзана дIахьедира, нохчийн ницкъхоша шаьш гатйина "дуккха а зеделларг долу, тIом бан хууш, шатайпа мехала дакъа хилар", аьлла, ткъа экспедици "вайн даймахканна пайда бохьуш, цуьнан дуьхьа лелла", билгалдаьккхира.
XS
SM
MD
LG