ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь керла спорткомплексна 15 шо долчу Кадыровн кIентан цIе тиллина


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вешин кIантаца а, шен кIенташца а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вешин кIантаца а, шен кIенташца а

Бюджетан ахчанах Куьрчалахь физкультурин а, спортан а комплекс схьайиллина. Цунна Кадыров Iелин цIе тиллина – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIентан.

"Спорт – дахаран барам бу" регионалан проектан гурашкахь йина ю спорткомплекс, цхьана агIор къоман "Демография" проектан дакъа ду иза, хаамбо пачхьалкхан "Грозный-Информ" агенталло. Билгалдоккху, комплексан майда 1500 квадратан метрашкахь ю аьлла, цигахь ловза таро ю баскетболах а, футболах а, яйн атлетикех а, спортан ницкъаллин кепех а, "муьлххачу тIегIанан" къийсадаларех а.

Кадыров Iелин (Залимханан) 15 шо ду. Иза Кадыров Рамзанан шолгIа воI ву, девешин – 2004-чу шарахь 31 шо долчу хенахь, официалан версица – даге лазар деана- веллачу Кадыров Рамзанан вешин цIе тиллина волу.

Оппозицин нохчийн "Нийсо" телеграм-канало зорбане даьккхина Куьрчаларчу керлачу спорткомплексан фасадан сурт. Цуьнан фасада тIерачу йозанехь ду – "Э.Р.Кадыровн цIарах физкультурин-спортан комплекс" - вуьйцург Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн кIант ву, ваша вац.

  • 2021-чу шеран гIуран баттахь Кадыров Iела винчу денца декъалвира лаккхарчу нохчийн хьаькамаша. Дечкен-беттан юккъехь Нохчийчоьнан Iедалан органийн инстаграм-аккаунташкахь а, иштта нохчийн политикийн а агIонашкахь масех дийнахь йозанаш зорбане дохура мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан кхин долу бераш декъалдеш – ворхI шо долу Эсет а, Шейх-Ахьмад а.
  • Кавказ.Реалиино тептар вовшахтуьйхира Кадыров Рамзанан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу 52 гергарчу стагах хIоттийна. Церан могIаршкахь бу – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIарий Iайшат (культурин министр), Хадижат (Соьлжа-ГIалара школазхойн департаментан хьаькам), иштта воккхаха волу кIант, 17 шо долу Ахьмад, иза ву Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а боламан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG