Кучи ОвхIанистанехь даьлла лела тукхам ду. Дукха хенахь дуьйна хIора ах шо мел дели меттиг хуьйцуш лелаш ду и адамаш. Ткъа хIинца ОвхIанистанан Iедалша сацам бина и нах махкарчу юкъараллах дIаэбан. Царна тIедожийна цхьана меттехь совцар. Кучин таханлера дахар гойтуш ю хIара Катинайтытэ Ваиван фотогалерей.
ОвхIанистанера кучи цIе йолу тукхам хало ловш ду тIаьхьарчу хенахь

1
Кучи тукхаман терахь 3 миллион стаг ду. Дукха хенахь дуьйна махкахула бевлла лелаш бу и нах.

2
Бакъонашларъярхоша дийцарехь, вуно чIогIа юкъараллах къаьстина дехаш ду и тукхам.

3
Конституцина тIехь бинчу хийцамашца а догIуш, Iедалш декхарелахь ду кучи цIе йолу тукхам кхечу бахархойх дIаэдан, леррина программа кхочуш а еш.

4
Iай кучи лаьмнашка боьлху, ткъа аьхка - йовхачу аренашка. Цу наха доккха дакъалоцу мехкан юртабахамехь.