ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мискачунна мархадосту де а хуьлу беркъа


Марха даста кечлучу Нохчийчохь, кхана-лама иза къелур ду аьлла хаам бича санна, кху деношкахь уггар чIогIа дIаоьцург жижиг ду. Бахархоша иза эцар ша тайпа гайтам бу аьлла а хета нехан йоцчу таронан.

Соьлжа-гIалин юххерчу юьртах, жижиг духкучу туьканахь ду хIара сурт.

-Лург дала йиш яц хIара жижиг. Тхуна а ма дац хIара маьхаза луш.Тхан нахана ахча дIадала ма деза.- Наха хIун дан дез? Марха а ца достуш Iад Iа беза? - Кевнаш дIа къевлина арабовла беза-кх…

Кхушара тергаллуш долу хьал шена цкъа а дайна дац боху, жижиг дохкарх болх-некъ а бина, хаспаш дойуш волчу Соьлж-ГIалин кIоштарчу Хасанов Мухтара а цуьнан накъосто Сайпис а. Цара дийцарехь, дукхахверг лург жижиг дахьа гIерташ ву.

«Ах сов тIедиллина дахьа гIерташ бу жижиг.

Мухтар: «Кхушара къаьсттина чIогIа ледара хьал ду нахехь. Ахчанца хала доллуш ду адам. Лург луш хилча мел дукха а дIадолу жижиг. Ахча схьадаларан дегайовхо кIезиг ю».

Сайпи: «Ах сов тIедиллина дахьа гIерташ бу жижиг. Тхан таро ма яц ишта дIадала. Давуьсийла,елара и таро. Я-м яц…»

Мархин бутт юьххье мел гIерта а гучуйолу бахархошна юкъара бен-башхаллаш. Цхьаболчара 40-50 эзарнашкахь харж йо марха достучу дийнахь сол кечьеш. Цу гIуллакхна бIе эзар духкуш берш а бу. Iедалан балхахь,лакхарчу даржехь кхин хIара ву ала стагга а воцуш,юккъерчу барамехь таро йолчарех бу Гуьмсан кIоштера Дадаева Хатимат а, Магамадова Тумиша а. Шаьш мархина бечу кечамах цара ишта дийцира.

ХIатимат: «Ткъа,ткъе итт эзар ахча лаххаре а дезар ду сол кечьян. Валлай гIийла бохкурш а ма бу дукха. Суна бовза а бевзаш 5 эзарна харж ян йиш хиларх баккхийбуьраш а бу».

Тумиша: «Тохара таронаш йоцчу хенахь 5-6 кийла оьций а Iад Iара. ХIинца дийнна меженаш оьцу цхьаболчара. Селхана цхьамма тхойгара бежана ши меже яьхьира… Стол а дика хуьлу нехан хIинца».

ХIинцца къамел динчу Хатиматера а,Тумишера а санна кхечеран таронаш ю бохург бакъдолчунна аьттехьа а дац. Нехан таронех дуьйцуш ю Новр кIоштера могIарера яхархо Асмаъ.

Асмаъ: «Хьайна ма луъу стол хIотто лууш хилча ахча шортта деза. Тахана нехан таро я-м яц. Къиза-балица досту-кх наха марха! Декхаре а оьхуш марха даста кечлуш бу-кх нах.Ишта Iаш ду-кх адам».

Цхьанхьа декхаре дахна а цхьа лол тухур бу бохуш-м Iа со.

Чохь пхиъ доьзалхо а волуш,пехийн цамгар йолуш заьIапхо ву,цуьнан дехарца ас мичара ,мила ву ца дуьйцуш вуьту 53 шо долу МагIарби. Ма-дарра аьлча шегарчу хьолах дуьйцуш волу иза,легашка шад а хIоьттина, къамел дан а ца делла,цхьа гIорасизе, гIаддайна хилар гойтуш, куьг а тесна, юьстахвелира.

МагIарби: «Деллахь ца хаьа суна-м. Цхьанхьа декхаре дахна а цхьа лол тухур бу бохуш-м Iа со. ХьастагIа веъначу юьртахочо 5 эзар деллера. Цунах цхьа амал бийр бу-кх. Ас чуьрчуьнга аьлла, гIирс вовшах а тохий, цхьаъ-шиъ торт е. Ца даьстича дала ма ца долий марха… Iинца хьалха санна чуоьхуш лела а ма ца лелий. ХIусамнана а.кхо йоI марханаш кхобуш бу. Чохь даа-мала латто а ницкъ бац…»

Бахархоша даре а деш, хIинцца къамел динчу МагIарбин санна мискалла,гIелалла ловш берш махкахь чот-барам а боцуш дукха бу. Дахарехь зеделла ма-хиллара,Iедалхоша къамелаш деза а,даккхий а дахь а, Нохчийчохь шо-шаре мел долу,амал доцу пекъарш дебахь бен лахлуш бац. Цу декъера бахархошкара хьал ма-дарра гойтуш шатайпа куьзга лору тергамхоша чекхбала герга бахана мархин бутт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG