ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвегехь чуволла мегаш ву ДАIИШ-ца уьйраш латтийна Магомадов Адам  


Ослон Аппеляцин суьдо нийса лерина лахарчу инстанцерчу суьдо Оьрсийчура вахархо Магомадов Адам «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца уьйраш лелорна бехке вар. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Магомадовна таIзар кхайкхор долуш ду гергарчу хенахь. Стохка Марсхьокху-баттахь кхело 7 шо ах шо хан туьйхира Норвегин коьртачу гIалахь Ослохь вехачу 23 шо долчу Нохчийчура схьаваьллачу Магомадовна, "Исламан Пачхьалкх" олучу экстремистийн тобанца зIе хилла аьлла.

Изза гIуллакх толлуш 6 шо набахтехь даккха тоьхна Пакистанера схьаваьллачу Норвегин вахархочун Ахмед Хьасанна.

Талламхоша бинчу хаамца, и ши стаг Шема вахана хилла 2014-чу шарахь зуламан Iалашонаш хьалхаяьхна. Зорбанан гIирсаша дийцара, Магомадов Адам Оьрсийчоьнан Iедалшка дIавала мегаш ву бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG