Эрмалойн махкахь 40 эзар езид Iаш ву. Уьш курдойн орамаш болуш нах бу, амма церан дин керста а, зороастран а, бусулба тIарикъатийн а элементаш юкъалоцуш ду. Шен дукхаллица 2-гIа къам ду и Эрмалойчохь, эрмалой 98 процент а болуш. Езидашна дукха тIеIаткъам бина исторехь, амма хIетте а шайн дин а, култура а Iалашъян хиина царна.
Эрмалойчохь Iаш бу "шайтIана" ламазаш дийриш
5
Езидийн зудабераш хьалхе доьлху маре. Эрмалойн Iедалша маре яха мега хан 18 шо хIоттийначу хенахь, езидаш дуьхьалбевллера оцу низамна. Парламенто тIаккха езидийн мехкаршна 16 кхаьчча маре баха бакъо елира.
6
Эрмалойчоьнан Езидийн Бертан директор Тамоян Iазиз журналисте къамел деш ву.
7
8
Езидаша шайна юккъе цхьа а ца вуьтту. Цхьанне церан дине вала а бакъо яц.