ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакура Соьлжа-ГӀала доьду кема чудоьжна, Кадыровс шен гергарчарна совгIаташ делла. КIиранан жамIаш


Баку-Соьлжа-гIала лела чудожийна кема, Актау-гIалана уллохь, Казахстан, гIура-беттан 25-чохь, 2024 шо
Баку-Соьлжа-гIала лела чудожийна кема, Актау-гIалана уллохь, Казахстан, гIура-беттан 25-чохь, 2024 шо

Соьлжа-ГӀала доьду маьрша кема чудожор, Кадыровс шен доьзална а, накъосташна а совгӀаташ дар, Бостонера марафонехь теракт йарна бехкевинчу Царнаевн кхел Байдена тӀечӀагӀйар- цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 95-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Баку-Соьлжа лела маьрша кема чудожор

ДӀадоьдучу кӀиранан коьрта хаам бара, Казахстанехь гIура-беттан 25-чохь "Азербайджанийн авиакомпанин" Бакура Соьлжа-гIала доьдуш хилла пассажирийн кема охьадожар. Кеманчохь хилла 67 стаг, царех 29 дийна висина. Лазийна Оьрсийчуьра 9 вахархо, царна йукъахь цхьа бер а дара, уьш Москва дIабигира. Тхан редакцига кхаьчначу информацица дийна бисинчарна йукъахь лаххара а цхьаъ Нохчийчуьра йахархо йу.

Официалехь хиллачунна бахьана цкъачунна дӀакхайкхийна дац, таллам хIинца а дӀахьош бу. Аналитикаша а, Оьрсийчоьнан тӀеман хьосташа а йалочу версица а, Нохчийчохь лаьттачу ПВО-с гIалат даьлла ракета тоьхна хила мега. ТIаьхо Euronews а, AnewZ а агенталлаша Iедалера шайн хьосташна тIетевжаш, хаам бира: Азербайджанан авиакомпанин Бакура Соьлжа-ГӀала доьдуш хилла кема Оьрсийчоьнан ПВО-н ракета тоьхна, чудаийтина аьлла. ГIура-беттан 25-чохь Ӏуьйранна Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь дронашца тӀелатар динера, иза тӀечӀагӀдира регионан кхерамзаллин кхеташонан секретаро Кадыров Хьамзата, цо видео зорбане хIоттийра, цу тӀехь гуш ду, дроно ПВО-н ракета тоьхна хIаллакдеш.

Оццу Ӏуьйранна дронаша тӀелатар дира луларчу республикашкахь – Къилбаседа ХӀирийчохь, БуьритIера "Алания Молл" йохка-эцаран центрехь эккхийтар хилира, цу гӀишло чохь болх беш хилла 57 шо долу зуда а йуьйш. Украинехь тӀом болабеллачхьана дуьххьара дрон гина ГӀалгӀайчохь а, хиллачу зенех йа лазийначарех бина хаам бац.

Къилбаседа Кавказехь дронашца тӀелатар дар бахьана долуш йукъайаьккхинера "Ковер" олу план, хӀаваэхь мел долу кеманаш сихонца охьаховшар йа кхерамечу зонера арадахар. Кема охьадоьжаран бахьана ПВО-н гӀирсаш хила тарло боху верси тӀечӀагӀйо, кеман тIехь а, салон чохь а ракетан дакъойн билгалонан ларашца.

ТӀеман аналитико Матвеев Яна "Настоящее время" телеканална йеллачу интервьюхь, йукъара ца даьккхира кемано тоьхнарг "Панцирь-С1" зенитан-ракетан комплекс хилар.

"Цкъа делахь, кемана тIехь къаьсташ йу герз диттина лараш. Щеконаш йу, уьш зенитан ракетан меженийн лараш йу аьлла".

Хетарехь, кемана ракета тоьхна хилла Оьрсийчоьнан дозана тIехь, дронаша тIелатар дечу хенахь. Дийна бисинчу пассажираша дуьйцу, шайна кеманал арахьа эккхийтарш хезира, бохуш.

Официалехь тӀечӀагӀбина боцучу хаамашца, йуьхьанца кема охьахаон аьтто ца баьлла Соьлжа-гIалара аэропортехь, дронашна дуьхьало йеш йолу "глушилкаш" бахьана долуш. Дукха хан йалале экипажо хаам бира, кеманан урхалла дарца проблемаш йу аьлла. Пилоташ кема маса охьахаон меттиг йийхира Минеральные Воды гIалахь а, ХIинжа-гIалахь. Амма тIаьхьо цара сацам бира Каспий олучу хӀорда дехьара Казахстанера Актау кхача – Соьлжа-гIалана 450 километр гена йу и. Видеохь гуш ду кема охьадужуш: цӀеххьана лахлуш, аренгахь охьадужу иза, эккхийтар хуьлуш. Кеманахь тIехьарчу меттигашкахь хилларш дийна бисина.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо гIуран-беттан 25-чохь кадам бира Казахстанехь бохамехь беллачу нехан гергарчаьрга. Кадыров Рамзана хиллачунна комментари ца йира. Бохам хиллачу сарахь цо кхеташо дӀайахьира "дӀадоьдучу шеран жамӀаш деш", цигахь цо совгӀаташ а, сийлахь цӀераш а йелира шен гергарчарна а, накъосташна а.

Актау-гӀалахь кема дохаран бахьанаш толлуш болх чекхбаллалц, Азербайджанан авиакомпанино сацийна Соьлж-ГӀала а, ХӀинжа-ГӀала а лела кеманаш.

Кадыровс шен нахана совгIаташ делла

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан совгӀаташ а, сийлаллин цӀераш а йелла шен гергарчу а, накъосташлахь а вуьрхIитта стагана, царна йукъахь бу: цуьнан пхи бер а, виъ нуц а, вешин кӀант а, захалш а.

CовгӀаташ даларх Кадыровс дӀакхайкхийра шен телеграм-каналехь пост а хIоттош.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо совгIаташ делира шен кхиъна йаьллачу йеа йоӀана а, церан цIийндайшна а. Республикин урхаллан вице-премьер йолу Кадырова Ӏайшатна "Социалан сферин хьакъйолу белхахо" цӀе йелира, вице-премьер а юьртабахаман министраллан куьйгалхо а волчу Мацуев Висханна (Iайшатан цIийнда), "Нохчийн Республикана гӀуллакхдар" мидал.

Нохчийчоьнан урхалхочун администрацин куйгалхочун гIовс йолу Кадырова Хадижатна "Кегийрхойн политикан сийлахь белхахо" цIе йелла, ткъа могашаллин министраллин куьйгаллехь волу цуьнан цIийнда Алханов Адам -сийлахь могашалла Ӏалашъйаран белхахо ву хIинца.

Иштта сийлахь цIе йелира Кадырова ХутIматна а - иза йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан хьалханчан гӀовс а, могашалла Ӏалашъйарна тӀехь терго латтош а. Цуьнан цIийндена, Нохчийчоьнан дозана тIехь лоьрийн страхованин фондан куьйгалхочун хьалхара гӀовс волу Садулаев Лом-Ӏелина хьакъволу социалан белхахо аьлла цӀе йелла.

Пачхьалкхан даржехь йац Кадырова Табарик, амма цуьнан дас совгӀат дина цунна а -"Къинхьегамехь кхиамаш" бахарна сийлаллин седанца. Кегийрхойн министраллан куьйгаллехь волчу цуьнан цIийндена Висмурадов Рамзанна делла баркаллин кехат. ТӀаьххьарчун да, вице-премьер Висмурадов Абузайд ву, цу кепара Кадыров Рамзанан захална а йелира "Нохчийн Республика ларъйархо" аьлла мидал.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, спортан министран кӀант Кадыров Ахьмад - физкультуран хьакъволу белхахо ву хIинца. Куьйгалхочун вешин кӀантана, республикин Кхерамазаллин Кхеташонан секретарь волчу Кадыров Хьамзатна а мидал йелла "Нохчийчоьнна гӀуллакхаш дарна", ткъа Кадыров Рамзанан кхин а цхьана гергарчу стагана, культуран министраллан куьйгаллехь волчу Ибрагимов Ӏийсанна йелла Кадыров Ахьмадан мидал.

Кадыров Рамзанан гергарнаш боцурш, республикан куьйгаллехь лакхарчу даржашкахь волчу цуьнан масех накъостана а совгӀаташ делира. Кадыров Ахьмадан цӀарах йолу орден йелла Нохчийчуьрчу йасакх оьцучу хьукматан куьйгалхочунна Тумахаджиев СаьӀидана а, бахаман министралан гӀоьнчана Джунаидов Сулейманна а. Махкахь премьер-министар волчу Даудов Мохьмадана а, вице-премьерна Тумхаджиев Ӏийсанна а "Къинхьегамехь кхиамаш" бахар аьлла сийлаллин седанаш делла, ткъа Ӏедалан администрацин куьйгалхочунна Таймасханов ГIаласна Нохчийчоьнан хьакъволу экономист аьлла цӀе йелла.

Пати вуьйш дакъалаьцначу нохчийн кегирхошна хенаш йиттина

2020-чу шарахь Анзоров ӀабдуллахӀа хьехархо Пати Самюэль вуьйш цуьнца дакъалаьцна аьлла, бехкевинчу 8 стагана хенаш тоьхна Парижерчу кхело. Уггаре а йеха 16 шо хенаш кхайкхийна Будауд Наимна а, Эпсирханов Ӏазимна а.

Будаудна а, Эпсирхановна а Анзоров вевзаш вара. Уьш бехке беш бара, Пати вуьйш дакъалоцуш хилла аьлла. Прокуратуро стаг вуьйш дакъалацар артикл "террорхойн бертабахар" артикалца хийца аьлла дехар - кхело йухатоьхна, йаздо RFI-но. Пачхьалкхан прокуроро билгалдаьккхира, ладегӀаршкахь "аьтто ца баьлла къасто, царна хууш дара йа дацара" Анзоровн Iалашонехь лаьцна, амма, прокуратуро а, кхело а дийцарехь, уьш "кхета безаш бара, цо цхьаъ кечдеш хилар".

Радикалан имамна Ӏабделаким Сефриуина 15 шо хан туьхийра набахтехь даккха, ткъа ишколехь конфликт иккхинчу дешархочун- йоьIан дена Шнина Браимна 13 шо хан тоьхна набахтехь даккха. Социалан машанашкахь хьехархо хьийзор йуьхьарлаьцнарш санна гӀуллакхна йукъаозийнера уьш.

Кхин а веа бехкевечо – Гамаев ИсмаьӀала а, Лукъман Ингара а, Присцилла Манжела а, Чинар Юсуфа а – социалан машанашкахь Анзоровца зӀене а буьлуш, цуьнан дог-ойла иракарахӀоттайора, ткъа Пати вийначул тӀаьхьа цара репост йира зулам динчу меттигера суьрташ а даьхна, вийначух "дог лозуш" санна, сурт а хIиттош. Уггаре а йеха хан тоьхна Гамаевна - 5 шо набахтехь даккха, царех 30 бутт хан арахь йоккхуш. Ингарна а, Манжелна а кхоккха шераш туьйхира, Манжела – хан арахь йоккхар йу. Чинарна цхьа шо хан набахтехь даккха тоьхна.

Самуэль Пати веран хьокъехь таллам чекхбаьлла 2022-чу шеран гIадужу-баттахь. Цу гӀуллакхехь бехкевеш 14 стаг вара. Хьехархо вуьйчу хенахь кхиазхой хилла бехкебечарех 6 стагана стохка хан туьйхира гIуран-баттахь. Пхеанна 14 баттера 18 батте кхаччалц арахь йаккха хенаш тоьхна, цхьанна 24 баттана набахтехь йаккха хан, цу йукъехь 6 бутт набахтехь йа шен цӀахь латтош, электронан мониторинган хIоз а лелош.

Джо Байден реза ца хилла Царнаев Джохаран таIзар малдан

Бостонехь терракт йинчу Царнаевна вуьйш дина таIзар малдан дуьхьал хилла Байден. 2013 шарахь Бостонехь марафон йоьдучу хенахь теракт йарна вен кхел кхайкхиначу Царнаев Джохаран таIзар малдан реза ца хилла Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президент Джо Байден. Трамп Дональд дарже хIоттале, хIинца а президентан даржехь волчо федералан тIегIанехь тIеэцна дуккха а самцамаш йуха луьстуш бу, вен кхайкхийна кхелаш велла дIаваллалц чохь йаккхийта хенашца хийца а хуьйцуш.

Оршот дийнахь Байдена хаам бира, чувоьллинчу 40 стагана йуккъера 37-н кхайкхийна кхел кIад йина аьлла. Кхело бинчу сацамашца, и нах байъа кхачош бара, хаам бо CBS гIирсо. Гечдаран программи йуккъера дIаваьккхина "цабезамца дуккха а нах хIаллакъ бина" кхоъ стаг: Царнаев Джохар воцург ву царлахь Питтсбурган синагогехь герз диттина Бауэрс Роберт а, Чарльстонера Эмануэлан африканхойн килсехь исс стаг верна кхел йина Руф Дилан а.

Бостанерчу кхело вуьйш таIзар кхайккхийра Царнаевна 2015 шарахь. 2020 шеран марсхьокху-баттахь Американ Федералан апелляцин кхело йуха йаьккхира иза а-бехкъастархоша нийсо ца лелийна аьлла, шеконаш гIевттира суьдхойн колллегиг. Царех мел кIезиг а шиммо, гIуллакх листа а доладалале шайлахь хьесап дина хиллера. Зазадоккху-баттахь Бостонера Хьалхара апелляцин суьдхоша гIуллакх йуха делира лахарчу инстанцерчу кхеле.

Iедалан коьрте Трамп Дональд веанчу йукъанна долийна Американ бакъ кхелаш кхайкхийначу нехан таIзарш хийцар. Йолчу администрацино бечу сацамаша новкъарло йан йеза керла хаьржинчу президентана стаг вен кхачийна кхелаш кхочуш йайта. Оцу гIуллакхан агIонча ву иза, йаздо Politico хьосто. ГIуран-баттахь Байдена 1500 гергга набахтан таIзарш кIад дира, гечдира 39 америкхочунна.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG