Оьрсийчурча оппозицин жигархо а, адвокат а волчу Навальный Алексейс бехке вина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр, Оьрсийчоьнан бюджете ахча а ца луш, Чехехь бизнес латторна а, иза къайлах латтор Iалашонца, харц кехаташ лелорна а.
Цул сов, Навальныйс билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан къайленаш хууш волу Бастрыкин ваха а, болх бан а бакъо йолуш хилла НАТО-на юкъахь йолчу Чехехь, аьлла.
Бастрыкинах лаьцна долу документаш а, кхин йолу материалаш а Навальныйс зорбане яьхна шен интернетехь йолчу сайт тIехь.
«Бастрыкин Оьрсийчоьнан Федерацин лаккхарчу Iедалан дарже леррина хIоттийна волу агент, вуьшта аьлча, шпион-м вац-те», - бохуш хоьтту Навальный Алексейс, ша цу хаттарна «ву» аьлла, жоп дала кийча хилар а хоуьйтуш.
Цо яздарехь, Бастрыкин Александара Чехехь эцна йолу цхьа хIусам ю ПрахIехь. Маршо Радион корреспонденто сурт даьккхина и хIусам чохь хила мегаш йолчу гIишлонан.
Цуьнан адрес: Hnězdenská 767/2c, Praha 8, Troja