ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боксан легенда кхаьчча Нохчийчу


Iамерк -- Стигалкъекъа-беттан 2, 2015, Лас Вегас, Мейвезер Флойд даздеш ву Пакио Мэнни эшор.
Iамерк -- Стигалкъекъа-беттан 2, 2015, Лас Вегас, Мейвезер Флойд даздеш ву Пакио Мэнни эшор.

Мейвезер Флойд-къона верг веана Нохчийчу Кадыров Рамзана кхайкхина. Цунах дозаллица хаамбо Рамзана шен instagram-ехь: “Нохчийчу ас кхайкхина веана боксан легенда, 5 дегIан йозаллехь дуьненан чемпион, цкъа а эшийна воцу, Мейвезер Флойд. Хьешаца тхо дахара Гуьмсерчу “Ахмат” спорткомплексе,” хаийтира Рамзана шен агIонехь. Клубе вахале хьалха Мейвезера а, цуьнан накъосташа делкъе йиира Нохчийчоьнан куьйгалхошца. Цара чам баьккхира нохчийн къомачу тоьллачу даарех.

Дийцарехь, Мейвезер Флойда лаккхара мах хадийра Нохчийчохь бокс кхиорна кхоьллинчу хьелийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG