ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деша лаьий? Ахча охьадилла!


Нохчийчоь -- Дешна бовлуш бу школашкара кегийрхой, 25Сти2013
Нохчийчоь -- Дешна бовлуш бу школашкара кегийрхой, 25Сти2013


Стагга а цецвала хIума дац Нохчийчохь цхьанхьа а доццург хиларх. Цунна тоьшалла ду школашкахь тIаьххьара горгали бекар а. Оьрсийчохь и дагалецаме де кху беттан 24-чу дийнахь тергалделлехь а, Нохчийчохь и билгалдаьккхина 25-чу дийнахь. Школа чекх а яьккхина, бакхий хилар тIедоьжна кхиазхой декъалбан доьшийлашка дIататтабеллера дай-наной а, юххера гергарниш а, беза-бевзарш а.

Дахаро зийначара, и девзинчара къаро а еш, уггар а хаза, сирла ойланаш, беркате, хьанал лаамаш болу, мерза хан ю школера бовлучу кIенташа а, мехкарша а ловш ерг. Цхьа галц, кIаг боцуш, шера а, цIена а ду цара гездан лоьруш долу некъаш, тIома бевлча санна, эшон атта ю цара кхана-лама йохун йолу ирхеш.

Кхузара, цара кханенаш йохкуш, деша дахаран хьокъехь ден къамелаш а ду шаьш-шайх бIобулуш. Бакъду, цхьаболучара кхета-м до (уьш цуьрриг а кIезга бац-кх) дог лаьттачу деша дIахIотта ахча дала дезаш хилар.

ТIаьххьара горгали бека ма бикки сан къамел хилла Шелковск-кIоштерчу кхиазхошца. Церан дог-айаме къамелашка ладугIу вай.

Соьлжа-гIалин цхьана доьшийлехь Iилма Iамочу студентан да ву Iалавди. ХIинцца школера дешна волуш кIант а ву цуьнан. И ву дуьйцуш бераш деша дIахIитторах шена зеделлачух. Иза тешна ву, хьан мел шуьйра хаарш хиларх, хьо мел стигала бохь хьекхалуш хиларх а, ахча хьалха ца даьккхича, доьзалхо деша дIахIотталур вац аьлла а, дешна ваьлча болх карор бац аьлла а.
XS
SM
MD
LG