ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачойн депортаци: эзар шо даьлча а дицлур доцург


Нохчийн а, гIалгIай а махкахбоху де, 1944 шо, Маршо Радион архивера.
Нохчийн а, гIалгIай а махкахбоху де, 1944 шо, Маршо Радион архивера.

75 шо кхаьчна пачхьалкхо Кхарачойн къам махкахдаьккхина

…Вайнах, сингаттамаша, мацалло, шелоно гIелбина, казахийн, гIиргIазойн лайша лаьцначу гIамаршка цIерпоштанаш чуьра охьабаьхча, царна массарел а хьалха дуьхьалбаьхкинарш, къинхетамца, шайгахь а тоъал доцчу, амма мелла а шаьш гулдинчу рицкъанах дакъадинарш бу нохчел, гIалгIайл шо сов хьалха махбаьхна хилла Кхарачой.

Кхарачошна тIера дIадолийра Сталина а, цуьнан Iедало а Кавказан къаьмнаш бале а лоьцуш, церан автономеш йохор.

1939 шеран статистико бахарехь, Кхарачойн Автонимин Гонехь ваьхна 70 эзар сов стаг. 1942 шеран гурахь баьхкина фашисташ 1943 шеран хьалхара бутт берззалц Iийна оцу махкахь. Ткъа мохк оккупацех мукъаболлушехь бохийна Советан Iедало.

Бахьана иштта довзийтина Кремло:

"Оккупацин муьрехь кхарачоша шаьш тешнабехке гайтарна, немцоша Советан Iедалца къийса кхоьллинчу тобанашка хIиттарна, немцойн кара шайлара тоьлла бахархой баларна, Кавказан лаьмнел дехьара мехкаш леца немцошна оьшу некъаш гайтарна, ткъа шайн мохк мукъабаьккхича, Советан Iедало бечу балханна новкъарло ярна, бандиташ а, немцоша юкъабаржийна агенташ а Iедалх къайлабахарна, царна гIодарна".

Кхарачойн къам дохочу барамехь дакъалаьцна церан махкахь дехачу адаман эха барамехь чудахкийтинчу эскарша. Казахстане а, ГIиргIазойчу а нах шийлачу цIерпошташца дIакхачочу юкъанна велла, Сталинан Iедалх йисинчу статистико бахарехь, эзар гергга стаг. Амма дагалецамашкахь кхарачоша довзуьйтучу терахьашца нисло массийттаза сов.

ТIаьхьо вайнахана а санна, дихкина хилла кхарачой бIаьхошна Советан эскаршкахь кхидIа мостагIчуьнца тIом бан – эскаршкара дIа а лахьийна, царна а йина депортаци.

Юккъерчу Азех набахти а йина, цигахь лецначу нехан хьелашкахь кхаьбначу къаьмнийн могIарахь кавказхойх бара, кхарачой боцурш, гIалгIай, нохчий, балкхарой. Юьртара юьрта ваха йиш йоцуш, дехьа-сехьа бехачу гергарчарна тIевахча, тутмакх вой, набахтехь даккха 20 шо тухуш хилла депортантна.

Вайнах а санна, 1957 шарахь даймахка юхабахкийтина Iедало кхарачой. Амма генарчу г1амаршкахь дисина ах-къоман кешнаш. Цкъа а ца баша шийла ша, Советан 1едале цабезам кийрахь бохьуш юхабаьхкина дийна бисинарш, Iедалх кхин ца тешаш бахана эхарта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG