ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказе Юхабаьхкина Оьрсий Багарбо Iедало


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий а Магасехь, 20Дечк2009
ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий а Магасехь, 20Дечк2009

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 20 шо хьалха дIабахана оьрсий юхабалор ерриг Оьрсийчоьнан проблема а йина, тидамехь кхобу Кремлерчу а, меттигерчу а Iедалша. Соьлжа-ГIалахь а, Несарахь а тIеэцна программаш а ю оцу балхана тIехьажийна. Амма оцу белхан жамI гойту терахьаш цкъачунна вуно лахара ду.


Оьрсий юхаберзорах лаьцна зорбанехь тIаьххьара дийцинчех гIалгIайн президент Евкуров Юнус-Бек ву. Дукха хан йоццуш, «Комсомольская правда» газетана интервью луш, цо гучуехира, оьрсий цIехьаберзоран Iалашоно лучу аьттонех пайда а оьцуш, бухарчу бахархоша лелаен харцонаш.

Кехаташ тIехь, доьзал кхолла дохку шаьш, бохуш, кепаш а хIиттош, зуда-майра а язлой, шайх цхьаъ махка юхавеъча санна сурт а хIоттадой, программо луш долу ахчанаш схьаэца гIертарш гучубуьйлу, боху Евкуровс. Ткъа баккъала а цIехьабоьрзу оьрсий дукха бац.

Ишттачех кхушара 4 доьзал бен а ца бирзина юха. Цундела цкъачунна и программа кхочуш яр юхаоьзна шаьш, хаам бо ГIалгIайчоьнан президента. Цо билгалдоккху ГIалгIайчохь оьрсий 3 процент бен бацар, ткъа, шайна хетарехь, хила оьшург лаххара а 30 процент ю, чIагIдо Евкуровс.

Делахь а, оьрсий махка юхаберзоран программа шаьш шайггара юкъаяьккхина ю, еккъа мехкан бюджето бен кхачо еш а яц иза, дика хир дара, Москохара схьа ахча а луш, Кремло гIаттийна юкъара программа и елхьара, дуьйцу Евкуров Юнус-Бека.

Къаьсттина тидамехь кхобу оьрсий цIехьаберзоран тема Нохчийчохь. Бухарчу Iедало а санна, дестийна дуьйцу и гIуллакх Москохахь а, Къилбаседа Федералан Гонехь а. Нохчийчохь Iалашонна тIехьажийна массех шо хьалха кхоьллира оьрсий тIеоьцу программа а, и кхочушъян комиси а. Леррина оцу белхан коьрте ваьккхина хьаькам а ву Соьлжа-Г1алахь - Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин векал Петухов Олег.

"ЦIехьа боьду некъ" цIе а тиллина дIахьочу программица Гуьмсе юхабалийна Iедало ткъе иттех доьзал. Цул сов оьккхуш оьрсийн доьзалш юхабаьхкина Соьлжа-ГIала а. Амма махка юхабаьхкинчу нехан оццул жимачу терахьна тIе а тевжина, оьрсий Нохчийчу юхабоьрзуш бу ала дац. Цундела оцу хьоло гIайгIане боху массо а тIегIанашкара хьаькамаш.

Ши бут гергга хьалха Оьрсийчоьнан Юкъараллин Палатано дийцаре дира, оьрсий Кавказера дIаэхар муха, хIун дича сацор дара бохург. Карийна жоп иштта ду: экономика ледара ю, кхерамзалла яц, цундела оьрсашна ца лаьа Кавказехь баха.

Пачхьалкхерчу "титулан къоман" векалш Къилбаседа Кавказе, къаьсттина Нохчийчу, юхабалор шен коьрта гIайгIанех цхьаъ лору федералан гон куьйгалхочо Хлопонин Александра а. Цо кест-кеста гIаттабо и гIайгIа шен кхеташонашкахь, лоьху оьрсий регионехь бухасовцоран некъаш.

Ала деза, кавказхой, шайлахь изза гIалгIай а, нохчий а болуш, дуьхьал бац, ерриг а Оьрсийчоь а санна, шайн мехкаш а массо а къаьмнех лаьтташ хилийта. Лулахо мегаш ву, муьлххачу къомах велахь а, дика стаг хилчхьана. Амма Iедалан политиках ца кхетарш бу дукха а.

Цхьаъ делахь, хьалха санна баккхий тIемаш ца латтахь а, деладенна лелхарш, тIематасадаларш, нах идор лелачу мехкашкара бевдда дIабахна нах юха муха богIу шайн лаамехь, царна стенна оьшу Iазапна кIел гIерта, боху хаттар хIутту муьлхачунна а хьалха Хлопонин Александра а, цуьнан дагахь болчу кхечу хьаькамаша а, Кавказан къаьмнаш оьрсех дIаийна дехаш хила деза, олий, долийча.

ШолгIа делахь, дуьнен тIехь алссам тоьлла метигаш а йолуш, цигахь баха аьтто а карош болу нах муха боьрзу шайн лаамехь эшаме хьелаш долчу латтанаш тIе юха, бохуш, боьлу могIара нах Iедалша и тема хьехочу юкъанна.
Шеко йоццуш, Нохчийчуьра а, кхечу Кавказан мехкашкара а дIабахначу оьрсийн хьал шайн цIахь бехачу кавказхойнчул эшна дац тахана.

Цул совнаха дуккха а паргIат а, таро гулъян аьтто луш а йолчу Европехула дIасабаьржина беха Кавказан гIаланашкара цхьана хенахь дIабахна оьрсий а, жуьгтий а, эрмалой а, кхиберш а. Нохчийчоьнах дерг ша-аьлча, дозанал ара а бевлла, цунна юьстаха баха хевшинчу шайн нохчийн терахь цхьана хенахь Нохчийчуьра дIабахначу оьрсийнчул а дукха ду тахана.

Амма и нах цIабоьхуш цкъа а ца хеза я президентера Медведевгара а, я инарла-губернаторера Хлопонинера а. Бакъду, цара кхайкхарх а, юхабогIур бу ала дац даймахка, Европехь хIинцца ирс а карийна, дIатарлуш бохку нах.
XS
SM
MD
LG