12 шо кхаьчна Нохчийчохь, референдум а йина, керла конституци тIеэцна. Кхечу дешнашца аьлча, оццул хан яьлла, официалан пропагандо чIагIдарца, "нохчаша шайна Оьрсийчоьнца цхьаьнадаха лууш хилар гайтина".
2003 шарахь Нохчийчохь политикехь а, тIеман агIор а йоккха чолхалла яра. Къам декъаделлера. Цхьаберш, шай синош довдийна, луларчу гIалгIайн махкахь бара. Важа дакъа Европерчу пачхьалкхашка дIадаханера. КхозлагIа дакъа махкахь а дисинера.
ХIета мехкан коьрте хIоттийна Iедал низамца чIагIдан дезаш дара Кремлан. Иза референдумехула дира цо. Нахе кховдина яра сихонца кечйина республикан конституци а, Iедал харжаман низамаш а.
Кхечу дешнашца аьлча, шина тIамо Iаткъам бинчу нахе хаьттинера и Iаткъам бечара, шуна кхин дIа а иштта хилийта лууш ду, я муьтIахь хуьлу. Наха хъаьржира машар, аьлла дIакхайкхира оцу суьйранна Iедалша.