ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIунда мегаш дац Нохчийчохь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчийн къам дохор хьехо?


Нохчийчоь -- Яхиханов Рустам, 1944-чу шарахь нохчийн къам дохийна махках даккхарх лаьцна сурт.
Нохчийчоь -- Яхиханов Рустам, 1944-чу шарахь нохчийн къам дохийна махках даккхарх лаьцна сурт.

Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махках а даьхна де ду Чиллан-беттан 23-гIа де. Амма тахана Нохчийчохь дихкина ду и и бохам цу дийнахь хьехор.

Цуьнца доьзна ду Маршо Радионо кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. Шун хIун аьлла хета, хIунда дихкина Кадыров Рамзана Чиллан-беттан 23-чу дийнахь цу къематан дийнахь белларш дагалацар а, вайн дайша лайна бала бийцар а?

Хаттарца доьзна шайна хетачух лаций телефон тоха тхоьга: +420724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.


СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: +420724019832

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com

XS
SM
MD
LG