ТIекхочийла долу линкаш

Пропагандан Iалашонца турпалхо вина советан эскархо хилла нохчо дIаваьккхича, президенто Ельцина уггаре хьалха Оьрсийчоьнан турпалхочун дашо седа белла нохчо ву Дудаев ДжовхIар вуьйш дакъальцна ФСБ-н белхахо Ханалиев Iумар-Паша.

1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чу дийнахь Хабаровскехь визитаца волу Оьрсийчоьнан президент Ельцин Борис ресторанехь сакъоьруш вара, Нохчийчохь Гехи-чу эвлан йистехь сателлитан телефонехула къамел деш волчу президентана Дудаев ДжовхIарна тIеман кемано ракеташ тухуш.

Той марсадаьлла доьдуш а долуш, Ельцинна тIевера Iедалан зIенах жоп луш волу эпсар. Цо бохура шен хьакаме, федералан кхерамазаллин сервисан директор ву сихонца телефонехула вист хила лууш.

Ельцин ша цхьаъ чувахара леррина кечйинчу зIе йолчу кабинетана. Амма мел чIогIа дуьйцург ца хазийта кечйина чоь иза хиллехь а, Оьрсийчоьнан президенто гIадвахана бетта мохь хезаш бара массарна а.

«Иза шеко йоцуш бакъ дуй? Бакъ дуй иза?.. Эхь, баркалла. Соьгара турпалхочун седа!», - аьлла, шен къамел а дерзийна, дукха чIогIа серлаваьлла, хелхаран боларца стоьла тIе шершира Ельцин.

Оцу минотехь, дош а эцна, тахана вайн дезаде ду аьлла, кад айира Оьрсийчоьнан куьйгалхочо!

ШолагIчу дийнахь кху дуьнентIерчу агенталлаш хаам бира, Дудаев вийна аьлла.

Ельцина ша лур бу аьлла Оьрсийчоьнан турпалхочун седа беллачех цхьаъ вара цхьанне а вевзаш воцу Дагестанерчу Хасавюртан кIоштан ФСБ-н декъан хьаькаман когаметта Ханалиев Iумар-Паша. Цу стагах лаьцна шен «Лубянская Преступная Группировка (ЛПГ) книги тIехь дийцира цу хенахь ФСБ-хь лаккхарчу даржехь болх беш хиллачу Литвиненко Александара.

Ханалиевс схьадиллира Оьрсийчоьнна гIуллакх дан баханчу кхузаманахьлерчу нохчийн Оьрсийчоьнан турпалхойн цIерийн йоза.

1992-чу шарахь Оьрсийохь «Оьрсийчоьнан турпалхо» цIе юкъаяьккхачхьана, дийна а волуш, Нохчийчохь тIом беш волчу Ельцина пропагандан Iалашонца 1996-чу шарахь и цIе елларг вара цхьа нохчо - ШолгIа Дуьненан тIамехь дакъалаьцна волу Абдурахманов Канти.

Цу кепара, ма-дарра аьлча, шайн исторехь дуьххьара нохчаша кхоьллинчу йозуш йоцучу республикан лидер вуьйш дакъалаьцна стаг вара Ельцина керлачу Оьрсийчоьнан турпалхо ву аьлла къайлахчу указаца дашо седа белла хьалхара нохчо.

Ханалиев Iумар-Паша, "Московский комсомолец" газета, 2017.
Ханалиев Iумар-Паша, "Московский комсомолец" газета, 2017.

Цул тIаьхьа даьллачу 20 шарахь Оьрсийчоьнан уггаре а лакхара лоруш йолу турпалхочун цIе елла 20 сов нохчочун. Уьш берш а аьлча санна бу Ичкерина дуьхьал бевлла нах.

Царна юкъахь ву, масала, оццу Ельцинан указаца турпалхочун цIе тиллина волу нохчийн тIемалоша Оьрсийчоьнан Iедалшкахьара а ваьлла ямарт хиларна вийна Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхо Эльмурзаев Юсуп.

Эльмурзаев Юсупана Хьалха-МартантIехь хIоттийна хIоллам.
Эльмурзаев Юсупана Хьалха-МартантIехь хIоттийна хIоллам.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Путин Владимира масал ийцира шел хьалха хиллачу куьйгалхочух.

«Оьрсийчоьнан турпалхо» цIе тиллира цо 2004-чу шарахь Соьлж-ГIаларчу стадионехь, эккхийтар а дина, вийначу Нохчийн Республикан куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжина. Цуьнан кIант Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнан турпалхо хилира оццу шарахь ГIура-баттахь.

Оьрсийчоьнан турпалхой хилира 1999-чу шарахь оьрсашкахьа бевлла вежарий ЯмадаевгIара. Ямадаев Джабраилах турпалхо вира, 2003-чу шарахь нохчийн тIемалоша вийначул тIаьхьа. 9 шо хьалха, 2008-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Москох Кремлан уллехь вийна Ямадаев Русланна дашо седа белира Путина 2004-чу шарахь.

Ткъа «Восток» батальонан командир волу Ямадаев Сулима Оьрсийчоьнан турпалхо хилира 2005-чу шарахь.

Оьрсийчоьнан турпалхочун цIе елира Путина 1992-чу шарахь дуьйна Ичкерийн Iедалшца къийсам дIахьош волчу «Запад» батальонан командирана Какиев Сайд-Мохьмадана.

Iожалла карийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан турпалхойх дIатуьйхира, тIемалоша вийна кхин а масийтта стаг: Веданан кIоштан администрацин куьйгалхо Загаев Амир, Теркйистан кIоштан администрацин куьйгалхо Завгаев Ахьмад, чоьхьарчу эскаран ротан старшинан даржехь хилла Дангиреев Михаил, ГИБДД-н инспектор Басханов Ризван, шайн хIусаман чуваьлла тIемало вийна, амма ша а кхелхина 15 шо долу кхиазхо Ташухаджиев Мохьмад.

2003-чу шарахь Оьрсийчоьнан турпалхочун седа белира президенто Путина Нохчийчуьрчу ОМОН-ан командирана Газимагомадов Мусана. Иза госпиталехь велира 2003-чу шарахь Охан-беттан 4-чу дийнахь, некъахьовзам хиллачул тIаьхьа.

ТIедогIучу шерашкахь царах дIакхийтира кхин а иттех стаг, коьртачу декъана цхьацца тIемашкахь дакъалаьцна байина а, хIинца а дийна болу милцой, шайна юкъахь Лорд шех олуш волу республикерчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а волуш.

Оьрсийчоьнан турпалхой Кадыров Рамзан а (аьрро), Даудов Мохьмад а.
Оьрсийчоьнан турпалхой Кадыров Рамзан а (аьрро), Даудов Мохьмад а.

Вай лакхохьа хьахийначу Ханалиевх лаьцна аьлча, 2004-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийначул тIаьхьа хиллачу Нохчийн Республикан харжамашкахь дакъа лецира цо. Амма и дарж дIалаца аьтто а ца хилла Москох юхавирзина тийна-таьIна вехаш вара иза Рублевкехь, цхьана буса баьхкинчу зуламхоша, ницкъ а бина, Дудаев вуьйш жигара хьовзарна белла турпалхочун дашо седа дIабаккхалц.

Московский комсомолец газето яздарехь, хIинца и седа юхабезор коьрта Iалашо лаьцна вехаш волчух тера ду Ханалиев.​

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG