ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн ксенофоби емал йо нохчаша

КIира хьалха Москох ши нохчо а, суьйли а вер, вийна ца Iаш, варар, оццул нохчашна Iаткъа хIума ца хила а тарлора, шаьш шерашкахь лайна а, ловш а долчу Iазапе хьаьжча. Амма оцу бохамах оьрсийн прессано, ловзарх лаьцна дуьйцуш санна, айдина яздеш дацахьара, оьрсийн националисташ хиллачух баккхийбеш бацахьара... Соьлж-ГIалахь кхаарий дийнахь хIоьттинчу гуламо емал йира ксенофоби, хаийтира халкъо зуламан дай а, зуламашна дийла магораш а паргIат буьтур боцийла. Вийначу шина нохчийн студентан герргарнаш а бара гуламе баьхкина. (Маршо Радио/Елхоев Леча)

Хьажа кхин дIа а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG