ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буьзина хьаькамаш ца кхета къечу мухIажирех


ГIалгIайчоь -- Нохчийн мухIажирша мацалла кхайкхийна Iедална шайн балакхачар тIедожош, Карабулак, "Промжилбаза"16ГIа2012
ГIалгIайчоь -- Нохчийн мухIажирша мацалла кхайкхийна Iедална шайн балакхачар тIедожош, Карабулак, "Промжилбаза"16ГIа2012

ДΙабаланза болу тΙом дΙабаьлла бохург харц дуйла хоуьйту кест-кеста, хIинца а цIехьа берзанза, ГΙалгΙайчохь хан токхучу нохчийн мухΙажирша. Ца оьшу уьш я Евкуров Юнус-Бекан а, я Кадыров Разанан а Ιедалшна. Евкуровн го уьш махках баха гΙерта, ткъа децахь церан бала хΙинца хьахош а ца нисло. Евкуровс шаьш 42 миллион сом хьажийна боху ХΙирийчуьра а, Нохчийчуьра а схьабевллачу мухΙажиршна. Амма оцу къамело дох ца до халонаша шелдина мухΙажирийн дегнаш.



Шай махкхаь хIокху 13-14 шарахь бехачу Нохчийчуьрчу мухIажарийн хьашташна лерина 42 миллион сом ахча ду билгаладаьккхина, аьлла, дIахьедар дина ГIалгIайн мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бека. Цо иза аьлла Оьрсийчоьнан миграцин урхаллан векалца шен хиллачу цхьанакхетарехь.

Евкуровс бахарехь, Нохчийчуьра мухIажирш беха меттигаш дIаяхар дIахьош ду. Хууш ма хиллара, дукхахболу мухIажирш, гонах керташ а йолуш, цхьацца чоьнаш йолчу меттигашкахь беха. Оцу меттигех а бохуш бу уьш хIинца. И нах цхьа аьтто ца беш буьтур бац шаьш боху гIалгIайн лидеро. ХIора доьзална хIусам лаца баттахь пхиппа эзар сом лур ду.

И хаам хезна бац ГIалгIайн махкахь бехачу нохчийн мухIажиршна. Дийца-м дуьйцу, амма, къамелал совдаьлла хуьлуш дац хIумма а, боху цара. Несар-гIалахь «Кристалл» олучу кертахь ехачу Тасуева Даржина а хезна дац и хIума. Маршо Радиога йистхуьлуш, цо иштта элира.

Тасуева: «Кест-кеста гIо хир ду олий, дийца буьйлало. Тхо долчохь баха меттиг йоцу нах ма бу. Суна дохьуш веана стаг вац. Дийца-м дуьйцу, амма кхин билгаладаьлла хIума-м дац».

Нагахь санна шайна шаьш мехах лаьцначу меттигех цхьана-шина баттана ахча а делла, юха цул тIаьхьа шаьш дицдан гIерта Iедал аьлла хета мухIажиршна. Оцу хIуманна шаьш реза хир дац элира Тасуева Даржас.

Тасуева: « Тхо нехан петар чу охьаховшор ду. Ахча дIа ма ца деллина, тхо арадохур ду. оцу хIуманна ойла ян а йой вай? Шина баттахь, кхаа баттахь, шарахь а Iийр ду. ТIаккха хIун дийра ду? Тхо Iийриг цхьа а аьтто боцуш меттиг ма ю. Мел долу дахар цигахь дIадоьдуш ду сан а, сан доьзалийн а. Суна латта делла я цхьа лаппагIа йина хIума дича реза хир яра со. Суна сайн долахь меттиг еза. Сан цхьаьннан бала ма бац хIара. Со гуттар а хала йолучу хенахь, сайл а хала бохкучийн ойла а йой, паргIато хуьлу суна».

ГIалгIайн Iедалша даима а олуш ду, Нохчийчуьра цхьаболу мухIажирш, шайн цIера даккхий цIенош а, петарш а мехах нахе а елла, шаьш долучохь Iедалшкара ахчанаш а доьхуш хан йоккхуш бу, олий. И нах билгалл а бохуш, шайн цIа хьийсо беза аьлла хета царна. Оцу хабарна дуьхьал мухIажарша олу, муьлха а адам хьекъал чохь а долуш, шайгарчу хьелашкахь цхьана кIирнах а дахалур дацара олий. Ца тешахь, шаьш долучохь массех буьйса а яьккха, боху цара даржхошка.
XS
SM
MD
LG