«Кавказан узел» хьост-газето хааме даккхарца и кхеташо дIайирзина шолгIачу диннахьехь, хьасартне гIалинде омра кхочушдан арабевлла маьхькIамхой а, Iедалан гIуллакхъхой а. Кху деношкахь цара зуьйш ду бахархойн хIусамаш а, латтанаш а доладахаран кехаташ бух болуш ду я дац боху хаттар.
Iедало юха а болийна талламех тайп-тайпана дуьйцу бахархоша: цхьаболчара харцонаш эшо долийна лору и зераш, кхечара цхьацца бахьанаш а хIиттош нахе харц токхамаш байтархьама. И а, кхин а хабарш хьесапе а ца оьцуш, суна хиънарг хIара ду.
ГIалахь хIусам а, латта а доладерзо мел ахча дезар дара те бохуш, Нохчийчийчу цIа берза лууш гергара нах бара аьлла со хеттаре велира Старопромысал кIоштехь ехачу 55 шо долчу Сапертца. Цо мискъал зарратал хьулам ца беш дийцира хIусам-латтанаш эцарехь гIалахь лелаш болчу мехех.
«Латтанийн мехаш гIалин юккъе дIа мел гIоьрти а бен-башха ду. Пхи бIе эзар а доьху, 6-7 бIе а доьху… Деккъа латта, цIенош догIа дакъош ца дуьйцу ахь, ишта мехаш ду-кх.Тхан лулара нах шайн цIенош дIа а доьхкина, Катаямехь эца дагахь хиллера, амма и латтанаш дукха деза ду цIенош далур дац аьлла севцца-кх. Кертахь цIено хилча-м кхин а дукха доьху. Цхьа миллион доьхурш а ду, шиъ-кхоъ доьхуш а ду. Хьан хIусмашка хьаьжжа ду-кх мехаш а.»
Маршо радио: - ХIинца ас хIусам-квартира эцча и долаяккха мел ахча дезар ду суна? Кехаташ даха бах ас.
«ДIакхоьссича а I00-I50 эзарра-м дезар ду. Дерриг кехат хила мА-деззара делахь, галдаьлла хIума а доцуш. мехаш жимма лаха хила а там бу. Тхойга цкъачунна баьхкина бац кехаташ толлуш. И хIинца цара юкъаяьккхинарг хIун ю межжевани ю иза хIун ю? Цунна а дуьллуьйту охьа.
Оха 9 эзар делла моьтту суна. Договор ца хилча 40 эзар а сов доккху. Тхан лулахочуьнгара а даьккхина. И охьа ца диллича цара цхьа кехат а мА ца ло. Ишта цхьацца хIума юкъа а доккхуш, валлай-биллай цара хьийза-м бо нах.»
Соьлжа-гIалахь хIусамаш а, лаьттан дакъош а даладаха ян езачу хоржах дийцина яхархо теш ю Оьрсийчоьнан муьлххачу а кIоштехь, гIалахь доллу сурт ду Нохчийчохь тергаллуш дерг аьлла. Ала дашна изза хьал ду ярташкахь а.
Латтанаш бахьнехь, хьарамлонаш лелийна аьлла, цхьаберш кхела хьалха а хIиттош, иттаннашкахь балхара бохийна юртдай, кIоштийн куьйгалхой а. Бакъду, керла хIиттийнарш низам лардеш, нийсонан-бакъонан дай хилла ала хала ду. ЦIено доьгIна а, дахарехь лар йита луучунна, латта маьхаза луш ду бохург бакъ моьттур дац мел аьрта кхетам болчунна а