ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковрчу десантхошна шайн махкахь хIоллам богIар дийцаредо нохчаша


Нохчийчохь хьовха, Оьрсийчоьнан юкъараллехь а шуьйра дийцаредо, кхузахь ШуьйтIан кIоштан Улус-Кертана гергахь Псковера баьхкина, тIом беш беллачу десантникашна хIоллам хIоттор.

«Со вен веанчу мостагIчунна ас хIоллам муха хIоттабо? Уьш тIамтIехь байина. Официалан терахьаш бакъ делахь цара 6-7 бIе нохчо вийна 16 шо хьалха нисделлачу тIеман тасадаларехь. ТIаккха царна жIара кепехь хIоллам стенна хIоттабо? Нохчий дика байина аьлла хIоттош бу и?»

Герггарчу барамехь цу кепара кхето хала доцчу хеттаршка буьйлу дукха могIарера бахархой. Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш лоьху цхьамогIа бакъонашларьярхоша а.

Лаьмнашкахь десантникийн сий-лерамна кхо метр лекха жIар йогIар политикаца дузу «Гражданское содействие» комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас. «Нохчийчохь бехаш керста динехь а берш бу,- боху бакъонашларьярхочо. Иза нийса ду махкахь Iедало гIо а деш, болх беш килсаш хилар. Дала Iамал ечу наха гулдечу ахчанал сов, Iедало гIоьнна ахча къасто а тарло. Иза-м новкъа дац. Амма десантникашна жIар кепехь-хIоллам хIоттор иза кхин ду».

Ишта хьажам хааме баьккхина Ганнушкина Светланас. Цунна моттарехь тIемаша къизалла гойтуш,вон деанчу вайнаха шайна хIуьттаренна,шаьш сийсаздеш хIоттийна лара тарло и хIоллам.

Лаьмнашкахь жIар хIотточул хьалха зераш дара дIадахьа дезарш. Муха нисделла цхьаьнаметта оццул эскархой эгар? «Беллечеран сий-лерамна гIулчаш яхаро дIатоьтту хилларг ахкаме дуьллуш, талламаш бар а,бехкенаш жоьпе бехар а. Хаттаран метта хIоьттина и жIаран хьарк». Ишта ойла Iораяьккхинарг ву бакъонашларьечу «Мемориалан» боламан декъашхо Черкасов Александр.

«Эзарнаш адам дайна доьза. Кхо эзар тIепаза вайнехь а бехкечарна дуьхьала долийнарг 3 бех токхаман гIуллакх бен дац,-боху Черкасовс.-Нохчийн хьалхарчу тIамехь лаххаре а 1200 оьрсийн эскархойх хилларг хууш дац.Уьш цхьанне дага а ца богIу. И ду чIогIа сагатдийриг»,-цу дешнашца дерзадо Черкасов Александара къамел.

Улус-Кертана юххехь десантникаш дагалецамехь бисийта боьгIна жIар- хIоллам,къамеле мел ваьккхинчу нохчочо кхиберш кхардийта,беламна хIоттийча санна туьду. Царех цхьаъ ву Шелан кIоштан Дубин эвлара Салахь а.

Салахь: «Десантникашна тхан кхуза лаьмнашкахь хIоллам хIотторо цецваьккхина ву-кх со а,кхиберш а. Иза къоман лаам бу аьлла а ца хета суна. Нохчий хIаллакбан,байина дIабаха баьхкинчарна хIоллам муха хIоттабо? ХIун аьлла хёоттош бу?

Шайн цIахь Псковехь хIоттаяйтахь шайна ма тов! Юххе гIаролхой дIа а хIиттийна дийнахь а,буса а ларьеш яцахь наха и юьтур ю аьлла а ца хета суна-м. Ишта хIоттош хилча-м Сталинна а ,Берийна а хIотто еза-кх. Дукха-м бу уьш нохчийн доь дайа гIиртинарш исторехь. Царна а хIотто еза-кх!»

Бахархошца и хIоллам бахьнехь нисделлачу къамелашкахь хадам боллуш билгалдолург ду,нехан луур-аьллар,царна хетарг-моьттург хьесапе а оьцуш,царех дага а бевлла Iедалхоша и хIоттаяйтина цахилар. Цхьаболчарна хетарехь, "оха къестабаш бац, тхо Оьрсийчоьнах дIаэделла ду, вай цхьаIаш ду,вайна юкъахь дотIанаш а, цакхетаршщ а хила а ца догIу". Ишта ойла-хьажам дIагайтархьама, политикан хьу-чулацам болуш, кхоьллина аьлла хетта цхьаболучарна лаьмнашкахь жIар-хIоллам.

XS
SM
MD
LG