ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьонка баккха ваха а еза бакъо


Цхьана заманахь, цхьана Iедало детташ зил-дозанаш а доцуш, шайна ма тов баккха йиш йолуш,хьонка лахьорехь маршо хилла даима а вайнахана. Цунна тоьшалла до къоьжачу къаноша а

Хьонка лахьорах болх-некъ бинчу бахархоша чIагIдарца,тIеман барзакъ дуьйхинчу низамхоша лома хьаннашка боьду некъ цкъа маьрша буьтуш, юха боьхкуш, денош догIу бен-бечу кIошташкахь .

Цкъа и лахьо бакъо яккха еза, мичашхула, муьлхачу басе-боьранашкахь лехьор бу хьонка хаийта а деза олий доккху Iедалхоша. Бахархой хила тарлучу бохамах ларбарца юзу цхьаболчу маьхькIамхоша цкъацкъа адам хьонкане цадахийтар. Мел шайн кхерамазалла ларьян гIерташ йохуш и гIулчаш елахь а, могIарерчу нахана,хьонка лахьа ца байтича шайна хуьлу зе доцург кхин гуш хIума дац.

Ницкъаллин структураша маситтаза а и дарбане,пайдехьа буц лахьо баха бевлла бахархой юхабиттанчех цхьаъ ю ТIехьа-Мартанан,Соьлжан кIошташ.Хийла меттигаш яьхкина шайна кхушара полисхоша некъ боьхкуш бохуш дуьйцу цигарчцу яхархочо Маккас.

Макка: «Цхьана кIирнах эскархой а дIа а хIуьттий хьонкане ца бохуьйту олий дIахIуьтту. Юртдайша я кхечу Iедалхоша схьаолуш хIума а дац. Хьуьнах бахнарш тIемалойх дIакхетарна кхоьру а хаац,я царна гIо дарна кхоьру а хаац.

Ца бохуьйту алар доцург бахьана дуьйцуш дац. Са а тасале хьала а гIовттий ма оьху цига зударий а, 12-13 шераш долу бераш а. Некъ бохабар ду-кх. Хьонка а боьхкина шайна цхьа йома,мадар ян ма гIерта нах. Иза а ца баьккхича миска стага хIун дан деза? Таро ерг гIур а ма вац хьонка баккха».

Хьонканах цхьа са йина ,хьашт-дезарийн дукъ жима дайдина а дайдан гIерташ,йоманаш леточу юьртахоша къаро ярца,хьока баккхарехь, Iедалхоша беш тIеIаткъам а боцуш, хаъал маршо ю Ножай-юьртан кIоштехь.

Кху беттан 23-чу дийнахь дIадехьна Даймехкан турсхочун де даздарш дIахьуш,шина –кхана дийнахь хьонка баккхар сацийна дара,ткъа хIинца юха а карладаьккхина,цIоз санна, жима а,воккха а тIе а летта, боккхуш бу хьонка боху Ножай юьртан кIошта лаьмнашкахь Iуьллучу МехкаштIарчу яхархочо Зулпата. Цо йоккхаерца дуьйцура,бераш а тIехь ара а девлла, и молхане буц бахьнехь шен юьртахойн хуьлучу аьттонах.

Зулпат: «Хьонка-м шортта бара хIоккехь! Тхан эвларниг,МехкаштIехь, баккха болийна бац,ло ду кIорга. Дехьа-сехьара, гондIахьара боккхуш бу. Дера кхуззаххьа-м боккухуш бу хьонка.Цкъачунна цхьамма а бохуш хIума дац. Даздарш ду бохуш,жима чIагIдина хьелаш лаьттира кхузахь,хIинца маршо ю. Бераш а тахана дуьххьала дахнера хьонкане.

Дийнахь цхьамма итт, пхийтта кийла а,ткъа боккхуш а хуьлу… Бумтаххьа-м дика болу боху хьонка, 30 кийла а баккхало боху. Цигара хьонка а хуьлу баккхий. Массо бохцург санна кIошташкахь хьонканан чам а ма хуьлу шен-шен башхалла йолуш ,дера хуьлу! Тхан хьонка жима хуьлу амма чам мерза,даладелла бу олу массара а».

Хьонка баккхаро,ма-дарра аьлча,цхьана кIеззигчу ханна бина а, дуккха а нехан аьтто бо даа-мала а,тIе-кога духа а эцна хене бовла а. Цундела царна,даима а шен долахь хилла цхьа мехала хIума дIаяьккхича хьанна а хиндолчу халахетарх тера, царна вуно чIогIа халонга долу цхьана денна бихкина а шайна хьонкане кхачо некъ бихкича.

XS
SM
MD
LG