Шайн стаг вайна мел дукха хан яьллехь а, дай-наноша, йиша-вашас, дог ца дуьллуш, сатуьйсу, кошан барз а бина, чурт хIотто мукъана а, даьIашкаш карийна а, шайн стеган лорх кхуьур дацар-те, бохуш. Хууш ма-хиллара, шайн стаг, Малхбалехь, Малхбузехь - мел генахь кхалхарх, вайнехан Iедал дац циггахь иза дIаверзош. Кхелхинарг, йолу харж чоьте ца оьцуш, цIа а валавой, лаьтте верзош ву. Цундела лаа дац доьза байначийн лорх кхиар кхузахь перза хIума ларар.
Шайн доьза байначийн хьокъехь нохчаша мел само йо а хууш, церан лехамашна жоп каро а, уьш тебан гIулчаш яха а гIерташ, схьабогIу кху тIаьхьарчу хенахь урхаллехь берш а. Цу могIарера лору цхьаболучара Москохахь, Юкъараллин хIусамехь, Оьрсийчоьнан тIеман министараллин лакхарчу тIегIан эпсаро диначу къамелан хьокъехь кхузарчу Iедалхоша деш долу дIахьедарш.
Доьза байнарш лахарна тIехьажийна Юкъараллин хIусамехь дIадаьхьначу ладогIаршкахь вист хуьлуш, тIеман урхаллин векало полковника Таранов Андрейс хазийна, лар йоцуш байнарш лахарехь нохчийн куьйгалхоша Къилба федералан кIоштан лехаман тобанна новкъарлонаш йо, аьлла. И буххера дуьйна бакъ ца до меттигерчу куьйгалло. Кадыров Рамзана чIагIдарехь, юкъараллин цхьаьнакхетар-боламаш а, нохчийн Iедал а кийча ду, дийнахь а, буса а сацам боцуш, байнарш лаха а, уьш лохуш болучарна массо агIор гIо дан а.
Къаьсттина кхузарчу Iедалхошна гIоьртинарг а, новкъадеънарг а ду полковника аьлла хIара дешнаш: «Деккъа цхьана кху шарахь, Нохчийчохь байначу эскархойх, кара а вина, цIа верзийна 14 стаг. Царех дукхах берш тIемалойн йийсарехь хилла еххачу хенахь, цул тIаьхьа ницкъала белхаш бойтуш, бацош латтийна».
Нохчийчохь кIадо йоцуш официалехь дечу дIахьедаршца Юкъараллин палата олучу хIусамехь и къамел дина эпсар лацалуш вац кхузарчу Iедалдайшка.
ШолгIа, Оьрсийчоьнан тIеман министаралло цхьана агIор кхетош дац мила, маца, хьанна карийна Нохчийчохь ницкъала белхаш бойтуш, бацош болу эскархой, боху нохчийн Пачхьалкхан цIийнан хаамийн хьостано.
«Ас,полицин урхаллин хьалха декхарш а хIиттийна, леррина зераш дIадаьхьна махкахь, Тарасовс дина дIахьедар мел бух болуш бу хьовсуш. Иза бакъ дац. Цхьа масал дац Нохчийчохь вацош эскархо карийна. ХIун къамел ду дийриг? ХIун дуьхьалонаш йо оха? Итт шо зама яьлла оха массо тIегIанахь некъ етташ, кор детташ арз-леткъамаш беш болу, белларш доьза байнарш мила-мила ву хаа, даьIахкаш толлуш, лобаратори яйтахьар доьхуш», - боху Кадыровс.
Цо дийцарехь, цунах а, я кхечу дIадолорах а гIуллакх хилла дац. Цу кепара байнарш лехар дош а дац, нийса а дац, аьлла, тешна ву мехкан куьйгалхо. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан тIеман министараллин векало полковника Тарасовс динчу дIахьедаро тоьшалла до, цу боларца гIуллакх дIадодахь, байнарш лехар иттаннаш шерашка дахлур ду, аьлла.
Хууш ма-хиллара, лакхахь хьахаелла лабаратори кхоллар санна, меттигерчу куьйгалхоша а, парламенто а, маситта шо хьалха дуьйна а дийца даьккхина ду, доьза байнарш лаха, мичча а набахте кхача а, цигахь талламаш бан а бакъо йолуш, юристех, бакъонашларьярхойх, кхечу говзанчех а лаьтташ йолу тоба кхоллар. Амма Москохо цу дехар-леткъамашна жоп делла дац. И бакъо стенна ца ло? Стенах богу я ийзало Оьрсийчоьнан куьйгалхой? Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш цкъачунна доцуш ду. Тергамхоша тидарехь, жоп ца а луш Iийна хир яц Москох, барта делла а. Амма цуьнан чулацам гIарбаьккхина бац хIинццалц схьа.